ГIалгIайчоьнан муфтийс дехар дина жигархошка, мацалла юхаяккха аьлла
Цо бахарехь, дино могуьйтуш дац мацалла хьегар, хIунда аьлча, цо организмна эшам бо.
Муфтийна тIетайна иштта муфтиятан кхинболу векалш а цхьана: яртийн имамаш а, къеда волу Цороев ИсмаьIал а.
"Оцу Iедална дуьхьало еш мацалла хьоьгуш ду шу, амма цо шун гIора эшор ду, и ду Iедалхошна луург - ГIалгIайчоьнан бахархой гIелбар", - аьлла, дIахьедина Альтиево олучу эвлан имама Мальсагов Iусмана.
2019-чу шарахь ГIалгIайчохь хIиттийначу дуьхьалонан митингашкахь дакъалацарна лаьцначу жигархоша мацалла кхайкхийра Зазадоккху-беттан 10-чу дийнахь "гIалгIайн протестан" лидерех лору Саутиева Зарифа юха а изоляторе юхаялийча.
Ессентуки гIалахь дов хоттучу Кисловодскан кхело изоляторера цIахь латточу хьоле яьккхира Саутиева. Амма прокуратуро и сацам латкъаме а баьккхина, хийцийтира Ставропол-мехкан Лакхарчу кхеле, ткъа 16-чохь Саутиева изоляторе дIайигира юха а.
2019-чу шеран аьхка лецна гIалгIайн протестийн лидерш бехкебо экстремизман тобанехь хиларна а, 2019 шеран Зазадоккху-баттахь Магасехь гулам бохош хьийзинчу Iедалан белхахошна дуьхьал ницкъ баккхарна а.
"ГIалгIайн протестан" гIуллакх айдеш лецира 48 стаг, 30 сов стаганна кхайкхийна набахти.
2021-чу шеран Чиллан-беттан 26-чохь оццу девнаца доьзна лаьцна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттина Погоров Ахьмад а.
Саутиева а, цуьнца лецна латтош болу кхиберш а политикан тутмакхаш лору бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред. билгалдаккхар)
