Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

"Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машана" кхерамаш тийсина Исаевн а, Магамадовн а гергарчара

0
ГIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла, бехкевинчу шина вешин: 17 шо долчу Исаев Исмаилан а, 20 шо долчу Магамадов Салехьан а гергарчара шайна кхерамаш тийсарна Оьрсийчуьрчу Талламан комитете арз дина "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано".

"Медиазона" ресурсо бина цунах хаам.


Кху деношкахь полисхоша лаьцна вигинера Исаевн а, Магамадовн а цIийнах волу ткъех стаг, цу шиннан да-нана долу меттиг йицийта Iалашонца. ЛГБТ-жигархойн информацица, буьйса юккъе яхначу заманчохь маьршабаьхна хиллера лецнарш.


Уьш полисхоша дIабигина аьлла, даьржинчул тIаьхьа "Грозный" телехьожийлан инстаграмерчу агIоне хIоттийначу видео тIехь Исаевн а, Магамадовн а гергарчара дIахьедора, шайн ши кIант гIаттамхошца уьйрашкахь хилла бохучу талламхошка цхьана кепара претензеш яц шайн бохуш. Амма цара бехкаш дехкира, бакъоларъярхоша а, зорбанчаша а гейш бара уьш бохуш,  кегийрхой "бехбарна".


"Яржийначу видео тIехь волчу цхьана стага боху бакъоларъярхошка: "Оха хIуъа а дийр ду, зулам а цхьана, шу совцорхьама", ишта кхийкхадо неIалташ а", - дIахьедина ЛГБТ-машано".




Шина кIентан нана Магамадова Зараъ тешна ю, кхерамаш а тийсина, видео цаьрга язъяйтина ю аьлла.


"Телехьожийлехула эхьаца хIост доккхуш Iедал ду Нохчийчохь. Со тешна ю, кхера а бина, дайтина къамел ду иза аьлла", - далийна ненан дешнаш "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано".


Лахарчу Новгородехь меттигерчу полисхоша Нохчийчуьра ши кIант лачкъорах Чиллан-баттахь нахала делира. Кхул хьалха а Нохчийчохь лаьцна вигина хилла ву Магамадов а, Исаев а, "Осал Нах 95" оппозицин телеграм-каналан модераторш и шиъ хиларна.


Стохка аьхка шина кIантана гIо дира Нохчийчуьра Лахарчу Новгороде водуш "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано". Оьрсийчоь а дIатаса дагахь хиллера и шиъ, амма ца ларийна. Лачкъийначул тIаьхьа масех дийнахь цу шиннах хилларг хууш стаг а вацара. ТIаьхьо ши кхиазхо бехкевира нохчийн Iедалхоша, терророшна гIо латтийна ву аьлла.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *