Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департамент: Нохчийчоь Оьрсийчуьрчу Iедалан тергонера яьлла
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто ша шарахь цкъа арахьарчу мехкашкахь адамийн бакъонашца долу хьал довзуьйту артикл арахецна. Оьрсийчоьнах лаьцна ю 72 агIо, 48-зза хьахийна Нохчийчоь. Вашингтоно билгалдоккху федералан Iедало республикерчу куьйгалхойн гIуллакхашна тIехь ен терго ледара хилар.
2020-чу шарахь Нохчийчохь низамаш талхор гойтуш, Пачхьалкхан департаменто довзуьйту, кхеле девнаш а кхачонза, наханна тIехь дина таIзарш, ЛГБТ-н могIаршкара нах хьийзор, журналисташна тIейаткъамаш бар, къепелатточу урхаллийн белхахоша адамашна "массанхьа а гIелонаш" яр, махкахь а, дозанал арахь а Кадыров Рамзанан оппоненташ хIаллакбеш, Iедална резабоцчу нехан а, террорхой хиларх шеко йолуш лоьцучу, бойъучу кегийрхойн а гергарчарна жоьпалла тIедожош хилар.
"Новая газето" кхушара арахийцира, йина кхел а йоцуш, 2016-2017-чу шерашкахь нах хIаллакбарх болу талламаш. Оцу хьокъехь дуьххьара тоьшалла динарг ву Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу полкехь болх бина стаг. Оцу талламашца доьзна республикан куьйгалхоша дехна Кремле шаьш журналисташка "сийсаз цадайтар".
2020-чу шарахь дозанал арахь вийра Кадыров Рамзанан ши оппонент – Австрехь веха блогер Умаров Мамихан ("Венера Анзор") а, Францино тховкIело елла волу Алиев Iимран а ("Мансур Старый"). Цул совнаха, Швецехь кIелойина, лазийра нохчийн оппозиционер-блогер Абдурахманов Тумсо.