Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2023
1 2 3
4
5
6
7
8 9 10 11 12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23 24 25 26
27
28
29 30 31

Лоьраш тоарца Оьрсийчоьнан регионашлахь Нохчийчоь эшначеран могIарехь нисйелла

0
Лоьраш латторехь Оьрсийчоьнан регионашлахь Нохчийчоь аутсайдерийн пхеанна йуккъехь нисйелла. 10 эзар вахархочунна 30 лор бен ца кхочу, бохуш дуьйцу Оьрсийчоьнан могушаллин министралло 2023-чу шеран охан-баттахь динчу зераша*.


Нохчийчохьчул эшна хьал Курганск (10 эзар вахархочунна 25 лор), Псковск (27), Владимирск (29,2), Еврейск(29,) махкашкахь бен дац.


Йоллучу пачхьалкхехь схьаэцча, 10 эзар стагана 40 лор кхочу. Къилбехьарчу регионашлахь и терахь Ростов, Адыгея, Краснодар махкашкахьчул лахара ду - цигахь 10 эзар вахархочунна 32 лор кхочуш нисло. Иштта Ставрополан махкахь а (33), Дагестанехь (35), Кхарачой-Чергазийчохь (38), ГIебарта-Балкхарчохь (39);


10 эзар вахархочунна лерича, уггаре дукха лоьраш Къилбаседа ХIирийчохь бу ( 57). Иза пачхьалкхехь ворхIолгIа меттиг йу.


2022-чу шарахь лоьраш тоьуш хиларца Нохчийчоь махкашлахь кхозлагIчу меттехь йара. Терахь хийцадалар Владимирск, Еврейск махкашкахь хьал хийцадаларца доьцна ду.


*Оьрсийчоьно аннекси йина ГIирма а, Севастопол а йу хIинца цу зерашлахь.



Чиллин-беттан йуккъехь Кадыровс дакъалоцуш, Нохчийчура парламентан рогIера гулам дIабаьхьира. ДIахьедарш дира масех хьаькамо. Царлахь вара вице-премьер Алханов Адам - цо элира, республика адамийн таронашца Оьрсийчоьнан регионашлахь вархIолгIачу меттехь йу. "Агентства стратегических инициатив" (АСИ) хаамашна тIетевжина, дира цо и къамел. Амма билгал ца даьккхира, и зераш бахархойн хьежамашца хIиттийна хилар. Пачхьалкхан зераша а, эксперташа а и тайпа дIахьедарш харц лерина.
Зазадоккху-беттан 13-чохь президенто Путин Владимира Кремлехь тIеийцира Кадыров Рамзан. Кадыровс бахарехь, регион хьалхайаьлла йогIу "Кхерамза, дика некъаш", "Дешар", "ХIусаман, гIалин хьал" къоман проекташ кхочушйарехь, иштта "Экологи" рейтингехь а. Цул совнах, 2022-чу шарахь Нохчийчохь инвестицийн тIегIа а лакхайаьлла бохура. Официалан Оьрсийчоьнан статистикаца а догIуш, стохка Нохчийчоь хьалха йара белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, пенсеш а, хьехархойн алапаш лахара хилар тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а, нехан таронаш цахиларехь а шаьш хьалхарчу меттехь хиларах дерг цо президенте ца дийцира.




 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *