Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

«Аэрофлотан" кема лелар ду Соьлж-ГIала

0
«Аэрофлот» авиакомпанино рожехь долу шен кеманаш лелийтар долийна Къилбаседа Кавказерчу 5 регионе, хаам бо ТАСС агенталло.  КIирандийнахь дуьйна цу компанин кеманаша рейсаш йийр ю Москохара Владикавказе а, Наличике а, Соьлж-ГIала а, Магасе а.


Ткъа Дагестанан коьртачу гIала ХIинжа-ГIала кхузза кема гIоттур ду Москохара. Цу Iалашонна лелош ду цу компанино Airbus-320 кеманаш.


Изза кема лелар ду Соьлж-ГIала кIиранах 7-зза. Магасе лела кема сарахь хиларна чIогIа реза бу ГIалгIачура бахархой.


Хууш ма хиллара, Къилбаседа Кавказерчу республикийн коьртачу гIаланашка лелаш ду карарчу хенахь кхечу компанийн кеманаш а.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *