Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 03.10.2018

Скрипаль ямартхо а, боьха Iума а ю аьлла Путина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан тIеман министраллан коьртачу штабан коьртачу талламан урхаллан (ГРУ) эпсар хилла Британин талламан сервисан агент Скрипаль Сергей "даймахкана ямартхо" а, "боьха хIу а" ю аьлла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Москох энергетикан форумехь дискусси дIахьош жоп делира цо Скрипальна дIаьвше тIелатар дарца доьзна Оьрсийчоьнна  дуьхьал юкъаяьхначу санкцех лаьцна хаттарна. "Цхьаболчара Скрипаль бакъонашларъярхо иза волуш санна хьехаво. Иза могIарера шпион, дамахкана ямартхо ву", - аьлла Оьрсийчоьнан президенто. Читать дальше...

Пенсе воьду хан тIетуху низам къобалдина Федерацин Кхеташоно

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно кхаарин дийнахь къобулдина пенсе воьду хан тIетохарх лаьцна низам. И хилам онлайн рожехь гойтуш бара парламентан лакхарчу чоьнан сайта тIехь. Низам тIеэцарехьа кхаж тесна 149 сенаторо. Дуьхьал хилла 5 парламентарий. Лакхарчу чоьнан 3 декъашхочо кхаж а ца тесна. Хьалхо и низам тIеийцира Пачхьалкхан Думо.

Кремлан карахь ду "турпалхо" вар а, вохор а. Чепига-иччархочун кхин а цхьа сурт

Radiomarsho.com 

Крутов Марк                                                                                                                  Добрынин Сергей                                                                                                      Маршо Радио (оьрсийн сервис) Маршо Радионий, талламчийн Bellingcat тобанний кхин цхьа сурт а карийна Чепига Анатолий Владимировичан. Прессе кхачаза дара иза. Иштта гуллуш лаьтта СкрипальгIарна – Сергейна а, Юлияна а – Британе а  вахана, "Новичок" дIовш даларна бехкевечу... Читать дальше...

ГIалгIайн депутаташа бийцарe бина Нохчийчоьнца доза къастош бина барт

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан парламентан депутаташ а, юкъараллин жигархой а цхьаьнакхеттера республикан дозанаш билгалдахаран комиссин декъашхошца. Гулбеллачара дийцаре дира Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь доза къастош бина барт. Комиссин декъашхоша, шайн коьртехь гIалгIайн премьер-министр Евлоев Зялимхан а волуш, гулбеллачарна елира бинчу балхах лаьцна царна хаа лууш йолу информаци. ГIалгIайчоьнан парламентехь хаам бина, и хаттар дийцаре дар дискуссин чулацам болуш хилла хилар.

Дотацеш лучу регионашна юкъахь 4-чу меттехь хир ю Нохчийчоь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоь 4-чу меттехь ю Оьрсийчуьрчу федералан бюджетера дотацеш оьцучу регионашна юкъахь. Хьалхарчу меттехь ю Дагестан. ТIедогIучу шарахь Нохчийчу хьажор долчу дотацийн терахь алсамдаккха сацам бина Оьрсийчуьрчу Iедалша. Цунах лаьцна яздо РБК зорбанан гIирсо. 2019-чу шарахь Нохчийн Республике хьажор ду 30,4 миллиард сом. Стохка и терахь дара 27 миллиард сом.  Дустуш аьлча Камчаткина лур ду 37,4 миллиард сом, Якутина - 46,9 миллиард сом, ткъа Дагестане хьажор ду 66,3 миллиард сом.

Муцольгов Руслан: Доза дийца валар доькхуш ду суна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн жигархочунна, "Яблоко" партин меттигерчу декъан куьйгалхочунна Муцольгов Руслананна цIийнах хьаьжна полици. ДIаяьхьина цуьнан телефон а, компьютер а. Лаьттанаш хьедарна дуьхьалболучу жигархойх цхьаъ ву Руслан. Полицино ша талла ваккхарх а, Нохчийчоьной, ГIалгIайчоьной шайгарчу латтанийн дакъош вовшашка дIасадалх а лаьцна дийцира цо Маршо Радиога.

Митингехь дакъалацарна 2 стаг 12 денна чувоьллина Магасехь

Radiomarsho.com 

Магасан кIоштан кхело,чохь яккха 12 де хан а тоьхна, чувоьллина ГIалгIайчуьра ши вахархо. Цу шинна бехке дуьллуш ду бакъо йоцуш дIаяьхьначу митингехь дакъалацар. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ГIалгIайчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, 30 шо долу Нестеровское эвлара вахархо а, Экажевора 32 шо долу вахархо а лаьцнера полисхоша Магасан го олучу меттехь хиллачу дуьхьалонан акцехь. И акци хьажийна яра Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш ГiалгIайчоьнан куьйгалхоша бинчу бартана дуьхьал.

Зулам кечдеш хиларх айкхцаяларна жоьпе озийна Соьлж-ГIалара яхархо

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан прокуратуро нийса лаьрра меттигерчу яхархочунна Байсултанова Залинина дуьхьал зулам кечдеш хилар хууш а долуш айкхцаяларна бехктакхаман гIуллакх долор, яздо Сhechnyatoday.com сайто. Талламхоша чIагIдарехь, цу зудчунна хууш хилла шена вевза стаг интернетехь терроре кхойкхуш посташ хIитто дагахь хилар. Амма цо Iедалшка ца хаийтина и стаг зулам кечдеш хиларх лаьцна. Байсултановас иза ца дар бахьана долуш, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахошна тIелатар дина... Читать дальше...

Зулам кечдеш хиларх айкх ца яларна жоьпе озийна Соьлж-ГIалара яхархо

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан прокуратуро нийса лаьрра меттигерчу яхархочунна Байсултанова Залинина дуьхьал зулам кечдеш хилар хууш а долуш айкх ца ларна бехктакхаман гIуллакх долор, яздо Сhechnyatoday.com сайто. Талламхоша чIагIдарехь, цу зудчунна хууш хилла шена вевза стаг интернетехь терроре кхойкхуш посташ хIитто дагахь хилар. Амма цо Iедалшка ца хаийтина и стаг зулам кечдеш хиларх лаьцна. Байсултановас иза ца дар бахьана долуш, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахошна тIелатар дина... Читать дальше...

Шен хиллачу хIусамнанна прокуратуре латкъам бина Нохчийчуьрчу вахархочо

Radiomarsho.com 

Нохчийн Республикан коьртачу прокуроре Абдул-Кадыров Шарпуддега латкъам бинарг ву Соьлж-ГIалара вахархо Цараев Мансур, хаам бо "Чечня сегодня" сайто. Цу стага дийцарехь, цуьнан хиллачу хIусамнанас, верасашца дага а ца йолуш, йоьхкина шайн кхиъна далаза бераш деха хIусам. И бахьана долуш берийн дахаран хьелаш халнга девлла боху цу стага шен латкъамехь. Иза тидаме а эцна, хIусам юхкуш бина барт харц лалар хьокъехь суьде кехаташ хьажийна Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштан прокуратуро.

Нохчийчохь мукъа де кхайкхийна ГIадужу-беттан 5-гIа

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана омра арахецна кху беттан 5-гIа де мукъа де хиларх лаьцна. Иза доьзна ду кхушара цу дийнахь даздеш хилар Соьлж-ГIала кхоьллина 200 шо кхачар. Цунна хьажийна даздарш хир ду ГIаддужу-беттан 4-чу а, 5-чу а деношкахь. Кадыровс декхарелахь бина Соьлж-ГIалан де даздар вовшахтохаран комитетан декъашхой цу гIуллакхе доггах хьажа.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *