Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 19.10.2018

ФСБ-но шен тидам тIебахийтина Магасера митинг латтийначу юкъараллашна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьра ФСБ-н (Федералан Кхерамазаллин Сервис) урхалла хаамаш гулбеш ю Магасехь доза хьокъехь дIаяьхьначу дуьхьалонан акцехь дакъалоцучу нахана гIортор йинчу вошахтохараллех лаьцна. Iедалан кхерамазалла ларйечу органан тидам тIебаханчу юкъараллашна а, вовшахтохараллашна а юкъахь ю "Тешам" цIе йолу гIо-накъосталлин фонд а, "Оьрсийчоьнан ЦIен ЖаIаран" республикера дакъа а, "Машр" олу бакъонашларъярхойн юкъаралла а, "Яблоко" политикан партин ГIалгIайчуьра дакъа а, "ГIалгIайн къоман тайпийн кхеташо" олу болам а... Читать дальше...

Къовсаман некъ чекхбоккхур бу Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь доза билгалдоккхуш къовсам эккхийтина гIалгIайн Аьрштана уллехула болу некъ бина чекхбоккхур бу гергарчу хенахь. Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векало Матовников Александра, ТАСС агенталлана еллачу интервьхь. Матовниковс дагадаийтира и некъ бахьанехь иккхина хилар къовсам. Цо дийцарехь, „Чеченавтодор" цигахь Бумматара -Ялхарой боьду некъ буьллуш ю федералан Iедалша бинчу сацамца. Марсхьокху-беттан 24-чохь некъбиллархошна... Читать дальше...

СаIудийн принцан Мухьаммадан хьехамча бехке ван мегаш ву Истанбулехь журналист верна

Radiomarsho.com 

СаIудин Iаьрбийн Iедалш дагахь ду журналист Хашогги Джамал верна бехке ву аьлла дIакхайкхо паччахь хир волчу принцаш бин Салманан Мухьаммадан хьехамча. Цунах лаьцна хаам бо The New York Times газето, шен кхаа хьастана тIе а тевжаш. СаIудин куьйгалхой дIахьедар дан дагахь бу, инарла-майора Аль-Ассири Ахьмада вийна журналист, принцо цIа валаве шега аьлча, цунах нийса а ца кхетта. И стаг стохка талламан сервисе балха хьажийна хилла, ткъа журналист а вийна ша Iедална муьтIахь хилар керлачу меттехь гайта гIоьртина иза... Читать дальше...

Керла iPad а, Mac mini а гойтур ю Apple кху беттан 30-хь

Radiomarsho.com 

Apple Inc. компани дагахь ю шен Mac комьютеран а, iPad-ан а керла версеш гайта. И мероприяти хир ю Нью-Йоркехь ГIадужу-беттан 30-чохь. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", CNBC порталана тIе а тевжаш. Компанино дIакхайкхийна шен керла дивайсаш гойтур йолу хан а, меттиг а, амма эксперташна хета Apple-о гойтур ерш билггала МаcBook Air a,11-дюйм экран йолу iPad Pro а, керла Mac mini а ю аьлла. Гайтам болалур бу меттигерчу хенаца 10 сахьт даьлча (17:00 СОЬЛЖ).

Хьабибан дас Дагестане хьошалгIа кхайкхина Макгрегор

Radiomarsho.com 

UFC латарехь чемпионан Нурмагомедов Хьабибан дас Iабдулманапа Дагестанехь хир йолчу самбон турнире лараме хьаша санна кхайкхина Макгрегор Конор, цо ша аьшнаш варна къинтIера а ваьлла, хаам бо lenta.ru сайто.  Шинарин дийнахь Макгрегоран тренеро дIахьедар дира дIадоькхуш Нурмагомедовца лата лууш ву иза аьлла.

Дозанан хаттар юха а толлур ду гIалгIайн конституцин суьдо

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан Конститутцин кхело толлур ду Нохчийчоьнца доза хьокъехь бина барт нийса бина я ца бина бохург. Цуьнца боьзна латкъам кхаьчна цу органе республикерчу маситта депутатера а, вахархочуьнгара а. Цунах лаьцна дуьйцуш ду суьдан сайта тIехь. Латкъам луьстуш кхеташо хир ю кху беттан 25-чу дийнахь. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамчо Перехрист Артема дийцарехь, массо а суьдхо вац, озабехам а ца беш, сацам тIеэцалур болуш, хIунда аьлча уьш дакъалоцуш бара шина регионна юкъахь доза къасторна дуьхьал хиллачу акцехь.

СаIудера журналист, гарехь, вийначух тера ду – Трамп

Radiomarsho.com 

Iамеркан президенто Трамп Доналда дIахьедар дина, СаIудера журналист Хашогги Джамал, гарехь, вийначух тера ду аьлла. И шен дIахьедар дина Цхьаьнатоьхначу Штатийн куьйгалхочо Мэрилендехь Эндрюс авиабазехь. Трампа билгалдаьккхина, ша официалан талламан жамIаш гучудовллалц собар дийр хилар а, амма СаIудийн Iедалш журналист верна юкъахьакхаделла хилахь тIаьхьалонаш Эр-Риядана вуно хирг хилар а. Туркойн Iедалшна Истанбулехь журналист варна бехке хета СаIудийн консулствон белхахой. Хашогги вайна кху беттан 2-чу дийнахь... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *