Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 21.10.2018

«Электроцинк» заводехь цIе яларна Владикавказера дIаоьхуш бу бахархой

Radiomarsho.com 

Вликавказехь цIе яьлла "Электроцинк" заводехь. И бахьана долуш 500 сов еакIо метр тхов чубоьжна. ЦIе дIайойуш кхоьллинчу штабан векало бинчу хаамца, заводан кертахь ю "саьнгалан мусталла" олу дIаьвше кочалла чохь йолу цистернаш. ЦIе йойуш велла цхьа цIеяйархо. Кхин а кхо стаг вагийна. Верриг а цIе йойуш дакъалоцуш ву 146 стаг а, 42 машен а. "Электроцинк" заводан территори 70,2 гектар ю. Цигахь болх беш ву 1,8 эзар белхало.  Кавказ.Реалиино бинчу хаамца, цIеялар бахьана долуш Владикавказера дIаоьхуш бу бахархой.

Дерригдуьненан исламан лигех дIакхетта Нохчийчуьра муфтият

Radiomarsho.com 

Нохчийчьура бусалба динан урхалла юкъаяхана Дерригдуьненан исламан лигина. Цу вовшахтохараллица юкъаметтигаш лелорах лаьцна документ тIеэцна, Межиев Салахь-Хьаьжа коьртехь а волуш, СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь хиллачу республикерчу муфтиятан делегацино кху беттан 18-чу дийнахь, яздо "Кавказский узело".

1700 гектар латта лелхачу хIуманех цIандина Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Къилба тIеман гонерчу минанаш дIайохучу инженерин тобанаша Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а лелхачу хIуманех цIанйина кхушара 1,7 эзар гектар территори, хаам бо ТАСС агенталло. Коьртачу декъана уьш ю лаьмнашца а, хьаннашца а йолу меттигаш. Болчу хаамца, сапераша, кара а ийна, кхераме йолчура дIаяьккхина 5 эзар 500 сов сов эккхаза йисина мина а, фугас а. Карарчу хенахь и болх беш юкъаозийна ю саперийн 40 машен. Лелхачу хIуманех шина республикан территори цIанъяр дIадерзор ду кхушара Лахьанан-баттахь. Читать дальше...

Кхин цхьа стаг дохковаьлла Магасерчу митингехь ша Кадыровна лерна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнца доза билгалдаккхарна дуьхьал Магасехь арабевллачу нахана юкъа а хIоьттина, картанаш а гойтуш, гIалгIайн латта дIадаьккхина Нохчийчоьно бохуш дехха къамел деш видео гучуяьллера интернетехь. Цуьнан турпалхо гIалгIайн Iедалехь лаккхарчу даржашкахь хилла волу Яндиев Даут. Нохчаша лелош йолу харцонаш юьйцуш цо гуттар кIоршаме аьшнаш винарг вара Кадыров Рамзан. Оьзда доцу дешнашца мах хадийнера цу стага Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан. Ткъа хIинца кхин видео яьржина интернетехь, иза коьрта турпалхо а волуш. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *