Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 23.10.2018

"Норд Ост" – 16 шо. "Уьш тIом сацо бахана бара..."

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан исторехь уггаре дукха цIий Iанийначарех ларало Москох Дубровкерчу театрехь «Норд-Ост» мюзикл йоьдуш нохчийн тIемалоша дина тIелатар. Тахана 16 шо кхечи цу дийнан.

Медведев: Украинан бIеннашкахь бахархойх хьакхалур ю Оьрсийчоьнан санкцеш

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно Украинано дуьхьалйокху санкцеш хьакхалур ю бIеннашкахь оцу пачхьалкхан бахархойх а, цара доладечу компанех а аьлла, шинаридийнахь дIахьедина премьер-министро Медведев Дмитрийс. Санкцеша дIакъовлур ю активаш, ахча ара а доккхуьйтур дац, ишта цхьа могIа кхача а, сурсаташ а йохкуьйтур яц шайн пачхьалкхехь. Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьединера, шайн махкахь бехачу Украинан могIарерчу бахархошна дуьхьал санкцеш йохур яц аьлла. Украинан къам хIинццалц а санна  "вежараллин" къам ду... Читать дальше...

Оьрсийчуьра муфтий дуьхьал ву дозанашна тIехула митингаш хIитторна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара дозанаш бахьана долуш митингаш хIитторна ша дуьхьал хиларх дIахаийтина шинариндийнахь журналисташца хиллачу къамелехь Оьрсийчуьрчу Лакхарчу муфтийс Таджуддин Талгата. Цу кепара хеттарш "цхьана а митингашца дерзош дац, низам ду, къепе а ю" аьлла, билгалдаьккхина цо. "Тхо догйовха ду, оцу шина вежараллин къаьмнашна юкъахь а, республикашна юкъахь а компромисс карийна ца Iаш, церан барт а, вовшах кхетар а хир ду аьлла", - дийцина Таджуддина ТАСС агенталан корреспонденте. Читать дальше...

Москох Немцов вийначу меттигехь зезагаш дехкина Трампан хьехамчас

Radiomarsho.com 

Кху деношкахь Москох веанчу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан хьехамчас Болтон Джона зезагаш дехкира оьрсийн оппозиционер Немцов Борис вийначу Доккхачу Москворецкан тIай тIехь. Цул тIаьхьа Оьрсийчохь волчу Iамеркан векалца Хантсман Джонца Александровскан бешахь зезагаш дехкира Цавезачу Салтин коша тIе а,  Керчь Турпал-ГIалин хIолламехь а. Хьалхо цхьанакхетар хилира Болтонан Оьрсийчоьнан тIеман министрца Шойгу Сергейца. Доккхачу декъанна цушиммо дийцаредира Шемех а, тIеман урхаллийн контактех а. Читать дальше...

Нохчийчохь лечкъийначийн гергарчарна 1,5 миллион евро кхачийна Европан кхело

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан эскарша Нохчийчохь операцеш дIахьочу заманчохь лечкъийначу нехан хьокъехь ша бина сацам бовзийтина адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело. Цаьрга дехар динчу 20 тобанна кхачийна цхьа миллион ах миллион сов евро компенсаци (1534 750 евро). 2001-чу шарера 2005-чу шаре кхаччалц идийначу нехан гIуллакхаш листинера Еврокхело. Нохчийчохь байначу Асхабов Ваитан а, Мурдалов Шамханан а, Макаев Рустаман а, Сагдаев Адаман а, Эдильсултанов Русланан а, ЯхъяевгIеран вежарийн Салахьан а, Анзоран а... Читать дальше...

ЭрдохIан: хьалхе дуьйнна бартбина хилла Хашогги вен

Radiomarsho.com 

Хьалхе дуьйнна план хIоттийна, вийна ву СаIуда Iаьрбийчура оппозицин журналист Хашогги Джамал аьлла, дIахьедина Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа. СаIудахойн консулаллин хIусам чохь вийна иза политикан бух тIехь аьлла ЭрдохIана туркойн парламентехь вистхуьлуш. СаIуда Iаьрбийчуьра ши тоба хилла иза вуьйш аьлла хета Туркойчоьнан президентна. Шайлахь инарлаш болуш итт стагах лаьтташ хилла цхьа тоба. Хашогги вен цхьа де диссинчу заманчохь Туркойчу баьхкинера уьш. ЭрдохIан тешна ву, журрналист вен хан а... Читать дальше...

Оьрсийчоь ца йоьхчхьана…

Radiomarsho.com 

Пачхьалкх кризисехь юйла гойту кавказхошна юкъабуьйлучу цакхетамаша Нохчийчоьнний, ГIалгIайчоьнний цIеххьашха юкъадоьллачу дар-дацарша Оьрсийчоь йоха хьагIна юйла гойту, аьлла хета цхьаболчу экспертпшна. Эзарнашкахь адам Магасан майданашка даьккхира шина республико лаьттан коржамаш вовшашка дIасаяларо. Дагахь а доцуш иккхина протест шен пачхьалкхехь йоцуш санна, тийнна дIалатта йисира Москох. "Уьш регионаша луьсту гIуллакхаш ду, хIунда аьлча, юьйцург ГIалгIайчоьнан векалша лаьцна позици ю, цундела хьал луьстург а ГIалгIайчоьнан Iедал ду"... Читать дальше...

Дербентехь кхо азербайджанхо велла

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Дербентехь гIишлош ен майданахь кхаа белхахочун декъий карийна. "Локхаллера чуэгна хиларан билгалонаш ю церан догIмаш тIехь. Хилларг зен Iалашонца талламчийн тоба хьажийна цу меттиге", - аьлла, дийцина Дагестанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша. Азербайджанан бахархой хилла уьш.

Хашогги Жемал вийча...

Radiomarsho.com 

Журналист Хашогги Жамал вийна хилар бакъ ду, иза "Iаламат доккха гIалат а ду", аьлла зуламах дарединчу СаIудийн Iедало. Истамулерчу шайн векалтехь СаIудийн ницкъаша ларамза вийна иза, боху Эр-Риядо.

Шен бер совгIатна делла нохчийн зуда чуйоьллина ГIебарта-Балкхаройчохь

Radiomarsho.com 

Ша дина бер совгIатна ГIебарта-Балккхаройчоьнан Нарткаларчу яхархочунна дIадаларна набахтехь даккха 4 шо хан тоьхна Нохчийчуьрчу яхархочунна. Регионерчу прокуратуран пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Кхелахоша къасторца, 2016-чу шарахь марехь йоцуш Нохчийчохь бер дуьненчу а даьккхина, шен гергарчарех шегара даьлларг къайладаккхархьама ГIебарта-Балкхаройчохь цхьана зудчунна дIаделла хилла цо иза. ГIуллакх теллинчул тIаьхьа, къона нана бехкехилар тIе а чIагIдина,4 шарна набахте хьажийна иза.

Шен адвокаташ дIатеттина Хазбиевс

Radiomarsho.com 

Оршотдийнахь йоьдучу кхеташонехь адвокатийн Ибриева Хедин а, Сабинин Андрейн а гIо тIе ца эца сацамбина гIалгIайн оппозиционеро Хазбиев Мохьмада. Кхелахочо пхи де хан елла цунна, керла адвокат лаца. Нагахь оцу заманчохь цунна ца каравахь, шаьш шайн адвокат лур ву аьлла суьдхочо. Оршотдийнахь Хазбиев Мохьмадан довхоттучу баьхкинера меттигерчу "Мемориал" офисан куьйгалхо Акиев Тимур а, Хазбиевн гергарнаш а, накъостий а. РогIера кхелан кхеташо тIедогIучу оршотдийнахь хир ю аьлла, дIакхайкхийна. ... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *