Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 07.10.2018

Юха кхаж тасар хир дац ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан Iедалан векалша харцдина кху беттан 8-чохь республикан парламентехь юха а кхоже дуьллур ду Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш бинчу бартана ратификаци яр бохург. Барт хийцийта гIерташ бу Магасехь митинге гулбелла меттигера бахархой. Шотан дийнахь ГIалгIайчоьнан парламенто юха а кхоже дуьллур ду Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш бина барт тIечIагIбеш ша тIеэцна низам аьлла, Магасерчу митингехь дIахьедар динарг вара гIалгIайн депутат Ахильгов Сет-Селим. Цунах лаьцна хаам бинера "Интерфакс" агенталло. Читать дальше...

Лас-Вегасан полицино дIахецна Нурмагомедовн тобанера кхо стаг

Radiomarsho.com 

Нурмагомедов Хьабиба толам баьккхина Макгрегор Корона тIехь UFC 229 коьртачу латарехь. Тасадалар чекхдаьлча иза летта Макгрегоран спарринг-партнерца. Оццу хенахь цуьнан накъост Тухугов Зубайра тIелетта октогонехь лаьттачу Макгрегорна. Цул тIаьхьа Нурмагомедовн накъостех 3 стаг лецира полицино. Амма хье ца луш уьш дIахецна, Макгрегорна уьш бехке бан ца лаар бахьана долуш. Цунах лаьцна журналисташка хаам бина UFC президенто Уайт Дэйна. «Хьабибан тобанера кто стаг дIахецна (цуьнан тобанера бу аьлла хета суна уьш)... Читать дальше...

Дозанах лаьцна юха кхаж таса дагахь бу гIалгIайн депутаташ

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан парламенто юха а кхоже дуьллур ду Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш бина барт тIечIагIбеш ша тIеэцна низам. Цунах лаьцна Магасерчу митингехь дIахьедар дина гIалгIайн депутато Ахильгов Сет-Селима, хаам бо "Интерфакс" агенталло. Цо дийцарехь, дозанах лаьцначу бартана ратификаци еш дIадаьхьначу кхаж тасаран жамI юхадаьккхина ГIалгIайчоьнан Халкъан гуламо (парламенто).

Декъал хуьлда, Соьлж-ГIала!

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалин 200 шо кхечи. Шахьаран майданахь доккха той дара хIоттийна, баьхкина генара-гергара хьеший. Маршо Радион корреспонденто меттигерчу бахархошка а, хьешашка а хаьттира, уьш реза болуш дирзирий даздарш.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *