Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 14.10.2018

Зуламаш дина Делимханов Адаман хадархой дIахецна Москох

Radiomarsho.com 

Москохарчу Замоскворецкан кхелехь довхаттар долийнера Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн белхахойн Ахмаев СаIидан а, Болатбаев Лечин а, ГIалгIайчуьрчу вежарийн БулгучевгIеран Ахьмадан а, Мовладин а, Москохарчу бизнесхочун Катков Евгенийн а. Уьш бехкебо нуьцкъала даккхий ахчанаш дахарна. Талламчийн версица, бизнесхочуьнгара Жуков Константинера 100 миллион гергга ахча даьккхина хилла цара. "Новая газетано" бина и хаам. Ахмаев СаIид а, Болатбаев Лечи а депутатан Делимханов Адаман хадархой бара зуламаш дечу заманчохь. Читать дальше...

Кадыровн дIахьедар тIехтесна дитина Мамаевс

Radiomarsho.com 

Москох шозза нахах латарна бехкевина "Бутырка" олучу изолятор чохь латточу футболан ловзархочо Мамаев Павела дIоггара терго йоцуш дитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ша а, шен накъост Кокорин Александр а "Ахмат" клубе дIаэца кийча ву алар. "Ахмат"? Со цкъачунна кхи проблемаш луьстуш ву", аьллачу Мамаевн дешнаш далийна "Дождь" телеканало. Маршо Радионо яздира, kp.ru сайтан хаамашца, кху беттан 8-чохь Москох шозза летта хиларх ши спортхо: цкъа 1-чу каналан белхахочунна йиттинера, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан индустрин... Читать дальше...

ТIедогIучу кIиране дIаяхъеш ю Магасера митинг

Radiomarsho.com 

ТIедогIучу кIиране кхаччалц дIаяхъян магийна ГIалгIайчоьнан Iедалша Магасехь лаьтта митинг аьлла, хаамбо мехкан урхалхочун пресс-гIуллакххоша. Оцу юкъанна митинг вовшахтоьхначара дехар динера Iедалхошка карарчу беттан 25-чу дийне кхаччалц латта бакъо йоьхуш. Нохчийчоьнца дозанаш къастийча эргIадбахначу гIалгIаша дуьхьалонан акцеш йолийра. Де хьалха "Эхо" хьостана еллачу интервьюхь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека территореш билгалъяхар кхи дIа дахдан йиш яцара аьлла, ша куьйгашяздарна дохковаьлла цахилар билгалдоккхуш.

Навальный Алексей маьршаваьккхина

Radiomarsho.com 

Административан гIуда тоьхна, чохь латтийна оппозиционер Навальный Алексей кIиран Iуьйранна арахецна. Байначу беттан 24-чохь пенсин реформина дуьхьал акци хIотторна бехкевина, 20 дей-буьйсий даккха чувоьллинера иза. Хан текхна маьршаваьккхина масех минот яьллачул тIаьхьа юха а лецира иза, Дечкен-баттахь харжамхошца забастовка кхайкхинера аьлла, бехкала а воьллина. "Ас чохь даьккхинчу 50 дийно юха а дуккха а тоьшаллаш гайти вайна, хIара раж телхина хиларан. Нагахь кху лецаршца вай кхерор ду моттахь... Читать дальше...

Туркойчоьно набахтера араваьккхинчу мозгIарца цхьанакхетта Трамп

Radiomarsho.com 

Туркойчоьно дIахецначу мозгIарца Брансон Эндрюца цхьанакхетар хилла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан КIайчу цIийнехь. Iамеркан а, Туркойчоьнан а юкъаметтигаш тояларехь яьккхинарг "йоккха гIулч" ю аьлла Трампа, мозгIар даймахка юхаверзарх вистхуьлуш. Президентан администрацин белхахой а, журналисташ а декъехь а болуш хилла цушиннан къамелдар. Голаш тIе охьа а лахвелла, доIа дира Брансона ша кIелхьарвоккхуш доккха дакъа лаьцначу Трампна баркалла олуш, яздо Рейтеро. Шина... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *