Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Новости за 20.10.2018

Пачхьалкхан цIе хийцина Македонин парламенто

Radiomarsho.com 

Македонин парламенто гIортор йина цу пачхьалкхан цIе хийцарна. ХIинца иза хир ю Къилбаседа Македони. Маршо Радион Македонин сервисо бинчу хаамца, цу низаман проектана кхаж тосуш 120 депутатах дуьхьал хилла 39 парламентари. ХIинца и низаман проект тIечIагIъян дIахьажийна пачхьалкхан цIе хийцарна дуьхьал волчу цу мехкан президенте Иванов Гёрге.   Югослави йоьхначул тIаьхьа Македонех йозуш йоцу пачхьалкх хилира 1991-чу шарахь. Цу хенахь дуьйна къийсам дIахьош ю иза, Македони аьлла цу пачхьалкхан цIе хиларна дуьхьал йолчу Грецица. Читать дальше...

ГIалгIайчохь лачкъийначу стеган дена ахча далар тIедожийна Оьрсийчоьнна

Radiomarsho.com 

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (Страсбург) Оьрсийчоьнна тIедожийна 2009-чу шарахь кIант лачкъийна висинчу ГIалгIайчоьнан вахархочунна Махлоев Хамутханна 63 эзар евро далар. Цуьнан 22 шо долу воI Махлоев МасIуд дуьххьара лачкъийна хилла 2006-чу шарахь ГIура-баттахь. Сихха орца даьккхинчу гергарчарна 4 де даьлча карийна иза Соьлжан кIоштан полицин талламан изоляторехь. Цигахь етташ хьийзош хилла жима стаг, цу полицин хьаькаман когаметтана Мержоев Iийсана вен дагахь тIелатар дина хилар тIелаца бохуш. Читать дальше...

СаIудийн Iедалш къера хилла журналист Хашогги вийна хиларна

Radiomarsho.com 

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан Iедалш къера хилла оппозицин журналист Хашогги Джамал вийна хиларна. Цунах лаьцна дIахьедар дина цу пачхьалкхан телевизионехула, хаам бо Reuters агенталло. Пачхьалкхан прокуроран дIахьедарехь аьлла ду, Хашогги летта хилла Истанбулерчу СаIудийн консулствохь шеца цхьаьнакхеттачу белхахойх аьлла. И стаг верна бехке хила мега аьлла СаIудийн Iедалша лаьцна 18 стаг. СаIудийн министрийн кабинетан куьйгалла дечу принцан бен Салман Мухьаммадан ши хьехамча дIаваьккхина балхара. Читать дальше...

Кадыров къинтIера ваьккхина къаночо Нальгиевс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан пIераскана дийнахь хилла ГIалгIайчуьрчу Сурхахи эвлахь. Цигахь иза цхьаьнакхетта меттигерчу къаночуьнца Нальгиев МухIажирца. И стаг вара Магасерчу митингехь Кадыровна ларам боцуш лийнарг. "Нохчийчоь тахана" сайто яздарехь, и къано ГIалгIайчохь вевзаш а, лоруш а ву, ткъа Кадыровс иштта аьлла ша цига вахарх лаьцна: "Хьалхо Нальгиев МухIажира шен нахана хьалха динчу къамелашкахь ларам боцуш хIуманаш дийцинера сох лаьцна. Ас цуьнга схьадийца элира, хIун бахьанаш ду ахь сох лаьцна иза дийцар аьлла. Читать дальше...

Сурхахехь бахархошца цхьаьнакхетта Кадыров

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хилла пIераскана дийнахь ГIалгIайчуьрчу Сурхахи эвлахь. Цигахь иза цхьаьнакхетта къаночуьнца Нальгиев МухIажирца. И стаг вара Магасерчу митингехь Кадыровна маьттаза лийнарг.   "Нохчийчоь тахана" сайто дийцарехь, и цхьаьнакхетар хилла эвларчу маьждигехь. Меттигерчу бахархоша социалана маашанашкахь бинчу хаамца, Нохчийчоьнан куьйгалхо веана хилла цу эвла 70 машенахь, амма и терахь оццул дара бохург харц до цхьаболчара. Оццу дийнахь Кадыров хилла БатIал-Хьаьжин зияртехь... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *