Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Москох бертан дийцаршка бахка дагахь бу тIалибаш

0
Москох машаран дийцарш дIадахьа шаьш кийча хилар дIахаийтина ОвхIанистанерчу тIалибаша. Reuters агенталло бина и хаам, боламан лакхарчу векалийн хьосташна тIе а тевжина. ТIалибийн векало бакъ ца дина Оьрсийчу дахка шаьш официалан дош делла хилар.


Кремло вовшахтоьхначу дийцаршка баха дуьхьало йира ОвхIанистанан а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а Iедалхоша. Оьрсийчоьнан урхалло 12 пачхьалкх а, ОвхIанистанехь шариIат дIахIотто гIертачу "Талибан" тобан векалш а кхайкхина цхьанакхета. Дийцаршкахь дакъалаца реза хилла ГIажарийчоь а, Китай а, Пакистан а, Таджикистан а, Узбекистан а, Туркменистан а.


Хьалхо Iамерко бехкейора Оьрсийчоь тIалибашна тIеман гIирс латторна. 2003-чу шарахь ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташоно а, цул тIаьхьа оьрсийн Лакхарчу кхело а  "Талибан" тоба террорхойн организаци лерира.


 


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *