Москох бертан дийцаршка бахка дагахь бу тIалибаш
Москох машаран дийцарш дIадахьа шаьш кийча хилар дIахаийтина ОвхIанистанерчу тIалибаша. Reuters агенталло бина и хаам, боламан лакхарчу векалийн хьосташна тIе а тевжина. ТIалибийн векало бакъ ца дина Оьрсийчу дахка шаьш официалан дош делла хилар. Кремло вовшахтоьхначу дийцаршка баха дуьхьало йира ОвхIанистанан а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а Iедалхоша. Оьрсийчоьнан урхалло 12 пачхьалкх а, ОвхIанистанехь шариIат дIахIотто гIертачу "Талибан" тобан векалш а кхайкхина цхьанакхета. Дийцаршкахь дакъалаца реза хилла ГIажарийчоь а... Читать дальше...