Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 04.11.2018

Туркойчоьно цIакхайкхина шен Угандера векал

Radiomarsho.com 

Туркойчоьнан Угандехь волу векал Явузалп Седеф цIакхайкхина Iедалша ГIадужу-беттан 29-чохь Туркойчоьнан Де даздеш хIоттийначу тойнехь желтойн ширачу хенахь хилла духар а доьхна иза леларна. Цунах лаьцна хаам бина туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта, яздо "Известия" газето. Туркойн векалан, и барзакъ тIехь а долуш даьхна сурташ даьржина социалан машанашкахь. Daily Sabah газето яздарехь, Явузалп а, кхин болу а Угандера туркойн дипломатин миссин декъашхой хилла ширачу хенахь... Читать дальше...

Туркойчоьно цIакхайкхина шен Угандера векал грекийн духар бахьанехь

Radiomarsho.com 

Туркойчоьнан Угандехь волу векал Явузалп Седеф цIакхайкхина Iедалша ГIадужу-беттан 29-чохь Туркойчоьнан Де даздеш хIоттийначу тойне грекийн ширачу хенахь хилла духар а доьхна иза леларна. Цунах лаьцна хаам бина туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта, яздо "Известия" газето. Туркойн векалан, и барзакъ тIехь а долуш, даьхна сурташ арадевлла социалан машанашкахь. Daily Sabah газето яздарехь, Явузалп а, кхин болу а Угандера туркойн дипломатин миссин декъашхой хилла ширачу хенахь... Читать дальше...

ГIалгIайчуьрчу НальгиевгIеран тайпана стаг хилла Соьлж-ГIалахь лерринчу костаца

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ГIалгIайчохь Нальгиев Мухьажир цIе йолчу воккхачу стагаца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа церан тайпана стаг (цуьнан цIе йоккхуш яц) веана Соьлж-ГIала, шаьш ларарна цунна баркалла ала. Цунах лаьцна хаам бина "Кавказский узело". И воккха стаг вара Магасерчу митингехь Кадыровна маьттаза лийнарг. НалгиевгIеран тайпанан векало рузба дина Кадыров Рамзанца цхьаьна. Цунах лаьцна сюжет гайтина "Грозный" телеканало, хаам бо "Кавказский узело".

Нохчийчохь даздина "Халкъан цхьааллин де"

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь, дуккха а даамаша дакъалоцуш даздина Оьрсийчоьнан "Халкъан цхьааллин де". "Грозный-информ" агенталло бинчу хаамца, Соьлж-ГIалин юккъехь хиллачу митинге гулвеллера 60 эзар стаг. "Халкъан цхьааллин де" хIора шарахь даздещ ду Оьрсийохь. Иза доьзна ду 400 сов шо хьалха хиллачуьнца. Оьрсийчоьнан кхузаманахьлерчу историкаш чIагIдарехь, 1602-чу шарахь Лахьан-беттан 4-чу дийнахь Минин Кузьма а, Пожарский Дмитрий а коьртехь волчу халкъан гIаттамхоша маьрша яьккхина Москох юккъехь йолу Китай-город... Читать дальше...

Iамеркан 6 флотан коьртачу тIеман хIордан кеманна тIехула даьлла Ту-142

Radiomarsho.com 

Норвегина гергахь тIеман Iамораш дIахьош йолчу Iамеркан 6-чу флотан коьрта хьаькам тӀехь волчу (флагман) «Маунт Уитни» хIордакеманан хIодхоша шайн суртдаьккхина тIехула долуш Оьрсийчоьнан Ту-142 хIаваан тIеман кема а долуш.  Оьрсийчоьнан хадаран а, талламан а кема кху тIаьхьарчу 30 шарахь дуьххьара дахана Iамеркан буьйранчаллан хIордакеманна оццул улле. И инцидент хилла Лахьан-беттан 2-чохь, амма цунах лаьцна хиъна шолгIачу дийнахь. Оьрсийчоьно шена ца товш хилар хайитина НАТО-но хIода чохь дIахьош йолу маневраш. Читать дальше...

ФСБ-на КГБ цIе тиллар дехна Путине

Radiomarsho.com 

"Къоман комитет + 60" цIе йолчу юкъаралло хьахийна Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире КГБ цIе юха а юкъаяккха еза аьлла. Цунах лаьцна хаам бина Znak.com сайто. И хаттар меттахдаьккхина тIеман талламхочуьнан де даздеш тIеман талламан урхаллана хьалха хилла ГРУ (Главное разведовательное управление) цIе юхатила еза аьлла Путина дIахьедар динчул тIаьхьа.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *