Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 30.11.2018

"Трансперенси Интернешнл": Кадыровс даьккхинчул кхузза алсам ахча даьккхина цуьнан говраша

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кху тIаьхьарчу 4 шарахь даьккхинчул дукха ахча даьккхина цуьнан говраша. Цунах лаьцна дуьйцуш ду "Трансперенси Интернешнл - Оьрсийчоь" вовшахтохаралло кечдинчу дIахаийтарехь. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан 128 говро 100 миллион сом даьккхина Кадыровна тIаьхьарчу 4 шарахь, чIагIдеш ду цу тIехь."Трансперенси Интернешнло" хаам барехь, и ахча хьахош дац цуьнан декларацешкахь. Кадыровн говрийн цIераш ялош ю Hippodrom.ru сайта тIехь. Кхин а ши говр гайтина ю Эмираташкарчу говраш хахкаран официалан реестрехь... Читать дальше...

Стенна дог дац Трампан Путин ган?

Radiomarsho.com 

G20 саммитехь вовшашка вистхилар хир дац Iамеркан Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президентийн. Iаьржа хIорда чохь Украинан кеманашна Оьрсийчоь тIелатар бахьана долуш юхадаьккхина цхьаьнакхетар. Стенна ца лаьа Трампна Путин ган, хIун хир ду кхидIа, дийцаредо политологаша Дубнов Аркадийс а, Залмаев Питера а.

Левада-центр: Путинна реза болчу нехан терахь хийца ца делла Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

ТIаьхьарчу хенахь махкахь хIоьттинчу хьолана реза боцучу нехан аьзнаш мелла а алсам хезаш далахь а, Iедалан институташ бечу балхана реза боцучу нехан терахь дукхха лах ца делла Оьрсийчохь. Иштта Левда-центро бинчу хаамца пачхьалкхан гIуллакханш нийсачу агIор доьлхуш ду аьлла хеташ бу 47% респонденташ. 42%  нисса бIостанехьа ойла йолуш бу. Путина президентан даржехь бечу балхана реза бу 66% бахархой. Реза бац - 33%. Изза гайтамаш бара ГIадужу-баттахь а. Оьрсийчоьнан президентан харжамаш тIедогIучу... Читать дальше...

Некъахьовзамехь зуда лазийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Еарин дийнахь Устрада-гIаларчу дарбанан хIусаме кхачийна хилла некъахьовзамехь лазийна 39 шо долу зуда. Прокуратуро таллам бича гучудаьлларг ду цунна тIе машен тоьхна хилар. Болчу хаамца, некъ хадош йолчу цу зудчунна тIекхеттарг ю 36 долчу стага урхалла деш хилла "Тойота Камри" машен. Хилларг толлуш бу полицин белхахой.

Айдамиров Абузарна хIоллам хIоттийна Болгарерчу Плискехь

Radiomarsho.com 

Болгарехь Плиска гIалахь "Кириллицин керт" културан а, историн а центрехь хIоллам хIоттийна нохчийн яздархочунна Айдамиров Абузарна. Цу композицин автор ву скульптор Усаев Асланбек. Иза схьайоллуш хиллачу церемонехь дакъалоцуш хилла Айдамировн кIант Айдамиров Мохьмад. "Нохчийчоь тахана" агенталло хаам барехь, Плискерчу центрехь карарчу хенахь хIоттийна бу тайп-тайпанчу къамнийн яздархойн 34 хIоллам а, бюст а.

ЦIахь - хьошалгIахь санна

Radiomarsho.com 

Билалов МаIаз Дагестанан керла куьйгалхой Аьккхийн (Аухан) кIошт меттахIотто сиха бацаро сагатдойту Хасу-Юьртарчу а, гонахарчу ярташкарчу а нохчашка. Оцу бахьаница деношкахь рогIера 10-гIа Гулам дIабаьхьна цара. Регионехь бехачу нохчийн цIарах бараме веанера 200 сов делегат. ХьошалгIа кхайкхинера Нохчийчуьрчу администрацин а, Хасу-Юьртанна гергарчу Гуьмсан кIоштан урхаллин а векалш.   Новолакский кIоштара гIазгIумкий керлачу метте а баьхна, дайн латтанаш аьккхашка дIадала хIоттийна программа кхочушъеш яцар дийцаредар а... Читать дальше...

Билгалдаьккхина 7 шо долу Хадишт йийначунна кхел йир йолу де

Radiomarsho.com 

Австрин коьртачу гIалахь Венехь Хадшт цIе йолу нохчийн йоI йийначу 16 шо долчу кхиазхочунна кхел йийр йолу де билгалдаьккхина суьдхочо. Иза хир ю тIебогIучу ГIуран-беттан 19-чу дийнахь. Болчу хаамца, кхелан процесс дIхьура ю чIагIйина кхерамазалла а йолуш. Цу гIуллакхехула сацам бан оьшур ду цхьа де. Сарахь суьдхой дагахь бу шайн вердикт йовзийта. Хьалхо бинчу хаамашца, жима йоI юьйш Роберт цIе йолу кхиазхо ша дийриг зулам хиларх кхеташ хилла аьлла, сацам бинера психиатро. Цу тайпа зулам динчу... Читать дальше...

Улус-Кертана гергахь тIом бина нохчийн ши тIемало лаьцна Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь 2000-чу шарахь Псковерчу десантхошца Улус-Кертана гергахь тIом бина ши стаг лаьцна Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша. Цунах лаьцна хаам бина Федералан кхерамазаллин сервисо (ФСБ). Цу хаамца а догIуш, цу шиннах цхьаъ ву 43 шо долу Дудиев Нажмудин, ткъа шолгIа ву 41 шо долу Донашев ИбраьхIим. Талламан органаш цу шина стаге бехк кховдо дагахь ю масийтта артиклехула, шайна юкъахь "бандитизм" а, "низамаш лардон органийн белхахой байа гIортар" а долуш. Официалан версица, Улус-Кертанан... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *