Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 01.11.2018

Нурмагомедовга кхайкхам бина Шемарчу тIемалоша

Radiomarsho.com 

Шемарчу тIемалоша видеокхайкхам бина Нурмагомедов Хьабибе, хаам бо Кавказ.Реалиино. Уьш реза бац Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна иза къежарна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца иза цхьаьнаветтаваларна а. Шемарчу тIемалошна хетарг дозийтина OGN TV каналан корреспонденто Абдул-Карим Биляла. Цу канало Шемара тIом гойту президентан Асад Башаран Iедалца къийсам латточу оппозицин тIемалойн тобанийн агIор. Макгрегор Конор цо эшорна шаьш даккхийдеш хилар билгал а доккхуш, тIемалоша варе во Нурмагомедов гуре ша лацийтарх.

Украино Оьрсийчоьне дIавелла Тумгоев дIакхачийна Владикавказе

Radiomarsho.com 

Украинин прокуратуро Оьрсийчоьне дIавелла гIалгIа Тумгоев Тимур дIакхачийна Владикавказан талламан изоляторе. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, цуьнан адвокатана Сабинин Андрейна тIе а тевжаш. Сабинина дийцарехь, Тумгоевс цхьа а латкъам ца бина цуьнга. Цо бинчу хаамца, иза латтош ву СИЗО-6 олучу талламан изоляторехь.  Хьалхо Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуро хаам бинера Украинин Iедалшка, шайга дIавелла Тумгоев Белгородерчу номер 3 йолчу талламан изоляторехь ву аьлла. Болчу хаамашца цунна йиттина хиллера талламан изоляторе дIакхачош.

"ГIалгIай – къизачу Рамзана хьийзош долу къам"

Radiomarsho.com 

Магасерчу гуламан жамI: гIалгIашна шех "бIоба" таръялийтинчу Кадыровс ша биллина шина къоманна юкъа Ша-шена кхоьллинчу васто зен дохьу Кадыров Рамзаннна. Кху муьрехь цо хьийзо баьхначу гIалгIайх къахета догIу, олу наха Оьрсийчохь. Ткъа нохчий хьахочохь ца хьахош ца юьту Кадыровгара юьйлу шогалла. Бутт бу нохчашний, гIалгIашний юкъа доза къастош къовсам иккхина. Тап-аьлла тийна Iа Нохчийчоь, гуламашкахь, кхеташонашкахь, Конституцин кхелехула кхерста ГIалгIайчоь. Юкъа-кара хаамаш баьржа, "Кадыровс... Читать дальше...

Нохчийчохь лахделла некъахьовзамашкахь адамаш кхалхар

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бинчу хаамца, кху шеран тIаьхьарчу 10 баттахь дикка лахделла республикехь некъахьовзамаш хилар а, оцу бохамашкахь адамаш кхалхар а. Шен Instagam-чу агIонехь цо хаам бина, нагахь стохка 10 баттахь 234 некъахьовзам хиллехь, кхушара и терахь 175 бен дац аьлла. Цуьнца цхьаьна лахделла цу бохамашкахь адамаш кхалхар - 91-нна тIера 67-нна тIекхаччалц. Лазийначеран терахь лахделла 375 стагана тIера 260-нна тIекхаччалц.

Архангелскерчу ФСБ-н гIишло чохь бомба эккхийтина кхиазхочо

Radiomarsho.com 

Архангелскан кIоштарчу къайлахчу сервисийн гIишлонна чувоьддучохь эккхийтар динарг ву меттигера I7 шо долу вахархо аьлла, хаамбина Талламан комитето. Куьйга йина бомба иккхира гIишлонан тамбур чохь. Урхаллан кхо белхахо лазийна, ша тIелатар динарг а велла.

ГIалгIайчоьнан дозанца инфраструктура кхолла омра дина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана омра делла ГIалгIайчоьнца  дозанца йолчу меттигашкахь шуьйра инфраструктура кхоллар дIадоладе аьлла. Цигахь туристийн маршруташ кхолла дагахь ву Кадыров. Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара доза билгалдаккхарх лаьцна барт бинера цу шина республикан куьйгалхоша Гезгмашин-беттан 26-чохь.  ТIаьхьо иза тIечIагIбира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а парламенташа. И низам болх бан доладелира ГIадужу-беттан 16-чохь. Инфраструктура кхиош а, малхбузера территореш... Читать дальше...

Кадыровна болх карийна тIех сов берстинчу "гаишникашна"

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Instagram-чу агIона тIехь яздина, ша дукха ойла йина хиларх лаьцна, шен дегIана терго ца ечу ГИБДД-н белхахойх пайда муха оьцур бара-те бохучух. Цхьа вариант санна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, уьш дIахIитто мегар дара цIерпоштнекъах дехьаволийлашкахь шлагбаумийн метта я некъа йистошкахь урамийн цIерш тIехь йолу гIуркхаш а карахь. Кадыровна хетарехь, цу гIуллакхо пайда бохьур бара тIех шайна берстинчу некъан полисхошна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь... Читать дальше...

Алсамдаьлла Нохчийчоьнан бахархойн терахь

Radiomarsho.com 

Болчу хаамца, кхушеран ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь лаьрча Нохчийн Республикехь бехачу нехан терахь ду 1451,8.  Цунах лаьцна яздо "Нохчийчоь тахана" хаамийн агенталло. Стохка оццу хенахь хиллачуьнца дуьстича республикан бахархой тIекхетта 21,4 эзар стагана, вуьштта аьлча 1,5 %.

Хашоггин дакъа меженашка дIасадаьккхина хIаллакдарх лаьцна дийцина туркоша

Radiomarsho.com 

Журналистан Хашогги Джамалан дакъа меженашка дIасадаьккхина хIаллак дина хилла, СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан Истанбулерчу консулствехь иза садукъина вийначул тIаьхьа. Цунах лаьцна дуьйцуш ду туркойн инарлин прокуратуро динчу дIахаийтарехь, хаам бо CNN телекомпанино. Туркойчоьнан прокуратурина хетарехь, зуламхоша хьалххе план яьккхина хилла журналист вен. Цхьа кIира хьалха туркойн полицино шайна бакъо ялар дехна хилла СаIудийн консултвон кертахь йолчу гIу чохь таллам бан, цу чохь журналистан дегIан... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *