Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 13.11.2018

Элдин Микаил. Йист йоцу мIаьрго

Radiomarsho.com 

Элдин Микаил Йист йоцу мIаьрго Харц-дуьненан харц хилар ма Iорадели-кх тховса… Я сан гIорасизалла ю те иза орца доьхуш?… Хьайн мелаша-малийкаша вочух лардеш долу синан пекъар, Йилбазо ловзочу хьайн къинойх къахеташ тийжачу буса ма гIорасиз хуьлуш а хилла-кх… Дуьненна букъ берзийна, Далла дуьхьал вирзина эвлаяъ санна, ямартчу тешамна букъ берзийча, цхьаллин гIорасизалла юьсуш хилла-кх. Гезгамашош санна, суна гонаха бустамаш дохуш, сох хьерчачу кху даточу догIано, дуьне кхуллуш а, дохош а, Дала ша делхадо бохуш... Читать дальше...

Элдин Микаил. Орам хадийна синтар

Radiomarsho.com 

Элдин Микаил Орам хадийна синтар Гуьйренан буьйса... Шийла Iаьпказ...Кхузахь гуьйренан кхоллам боца хуьлу. Дуьненна елакъежна а ялале... Шен хазаллин гIарпаллийца синошна сатийсам баларна, бозбуунчаллин бехк тIебуьллий эрда тIехь чалтанчо корта боккхучу йоьIан санна боца кхоллам бу кхузахь гуьйренан... Ткъа буьйса-м еха ю... Махьаро дегI гIелдина, кхерамо дог гIелдина, некъах тиллачу некъахочуьн йистйоцу буьйса санна еха ю кхузахь буьйса. Хьераваьлла стаг санна, ша-шега шабаршца цхьаъ дуьйцуш... Читать дальше...

100 эзар стаг ток йоцуш висина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

100 эар гергга вахархо ток йоцуш висина Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан а, Соьлжан а кIошташкахь. Iедалан векалша бинчу хаамца, иза доьзна ду тоькан серий а, бIогIамаш а хийцарца. И белхаш дIаберзор бу гергарчу сахьташкахь.

"Со адвокате телефон тоха воьлча, сан легаш Iийда буьйлабелира"

Radiomarsho.com 

Филиппович Екатерина "Хиндерг долу, керла Оьрсийчоь кхолла" лаьара, амма дирзира институтера эккхорца, махкахваларца "Дахар, къиза чекхдоккхучул, юхадолор тоьлу", аьлла хета цхьа хан хьалха  Ставрополехь жигара ваьхначу, Къилбаседа Кавказан федералан университетан студент хиллачу Истомин Пётрна. Ша ваха ца витича, вада дезна цуьнан Оьрсийчуьра. Шарахь лийлира иза Навальный Алексейн агIончийн гуламашка. Кремлна мутIахь вацарна юьхьанца йиттира цунна, тIаккха эккхийра университетера. ХIинца Финляндехь ву Пётр... Читать дальше...

Титиевна тIехIиттина Куршлойн-гIалара баккхий нах

Radiomarsho.com 

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан кхелехь хилла Куршлойн-гIалара баккхий нах. Уьш дакъалоцуш бара цигахь Титиевн агIо лоцуш. Верриг а кхеле чувитира бакъонашларъярхочуьнан лулахь веха а, гергара а 5 воккха стаг. Цара тоьшалла дира Титиев сий а, яхь а йолуш оьзда стаг хиларх а, иза наркотикех кхетта хила мега аьлла шеко кхоллаяла цхьа а бух ца хиларх а.

Дагестанера яхархо Абакарова Загидат дIахецна ФСБ-но

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллан сервисо дIахецна Дагестанера яхархо Абакарова Загидат. Цунах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалиино. Шинарин Iуьйранна Москох Шереметьево аэропортехь лаьцнера иза ФСБ-н белхахоша. Москох дакъалаца дагахь хиллера и зуда Гергарчу Малхбалехь лецна болу Оьрсийчуьра зударий а, бераш а цIадалорна хьажийначу зорбанан конференцехь. Абакарова лацаран бахьана хууш дац. И зуда 8 шо хан кхайкхийна ю суьдо Шемахь хилла ю аьлла. Набахтехь хан яьккхар тIаьхьатеттинера суьдхоша 13 шаранна, цуьнан беран 14 шо кхаччалц аьлла.

Доцуш долу лаьттан дакъош духкуш хилла Майртупара вахархо

Radiomarsho.com 

Куршлойн кIоштарчу талламан комитетан белхахоша теллина чекхдаьккхина нах Iехорца доьзна бехктакхаман гIуллакх. Царна гучудаьлларг ду кхушеран хьалхарчу шина баттахь 30 шаре ваьллачу Майртупарчу вахархочо, нах Iеха а беш, доцуш долу лаьттан дакъаош доьхкина хилар. Цу стага даржош хилла Цоци-Эвлахь шен долахь долу латтанаш дораха дIадухкуш ву ша бохуш. Цо дуьйцург цхьаъ ду моьттуш Iеха веллачу 6 стага ахчанаш делла цуьнга 290 эзар соьмана тIера 750 эзар соьме кхаччалц барам болуш. Курхалчо цу кепара... Читать дальше...

Пьянзин хенал хьалха набахтера аравалийта реза ца хилла кхел

Radiomarsho.com 

Саратовн махкахь Волжскан кIоштан кхел реза ца хилла Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна тIелатар кечдеш дакъалаьцна аьлла чувоьллина Казахстанан махкахо Пьянзин Илья хенал хьалха набахтера аравалийта. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло. Пьянзинан бехктакхаман гIуллакхца а догIуш, иза а, Нохчийчуьра схьаваьлла ши жима стаг Осмаев Адам а, Мадаев Руслан а хиллера 2011-чу шеран ГIура-баттахь Украинерчу Одессехь цхьана петарахь Оьрсийчоьнан президентана тIелатар дан кечлуш бомба еш. Читать дальше...

Бабас жоп ло доьзалх

Radiomarsho.com 

Оьрсийчу ахча даккха дахначу шен берийн 8 бер леладо ГIиргIазойчуьрчу йоккхачу стага Зарипас. Царна дерриг а латто гIерта, амма да-нана санна дика ца ларайо ша, дуьйцу зудчо.

СагIа доккхуш ву Нурмагомедов Хьабиб

Radiomarsho.com 

Дагестанера вевзаш волу спортхо ММА чемпион Нурмагомедов Хьабиб дагахь ву цхьамогIа гIо-накъосталлин проекташ кхочуш ян. Цу юкъахь ду хи доккхуш буруш тоьхна меттигаш тояр а, керла медицинан центраш яхкар а, ткъа иштта керла дешаран гIишлош яр а, уьш кхиор а. ESPN олучу Iамеркерчу спортан телеканалан корреспонденто Хелвани Ариела шен Твиттерехь Нурмагомедовн сурт хIоттийна, Нигерехь го баьккхина дIахIиттина бераш а долуш.    Хьалхо Хьабибан менеджеро Iабдул-Iаьзиз Iелас хаам бинера, Африкехь... Читать дальше...

Спортан рекорд хIоттийна Нохчийчуьрчу 5 шо долчу кIанта

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра 5 шо долчу кIанта Кураев Рахьима керла дуьненан рекорд хIоттийна, 2 сохьтехь 25 минотехь 4105-зза куьйгаш тIехь дегI а лелийна. Иза цо деш хьожуш хилла республикера спортан министр Ханариков Муса. Делахь а Оьрсийчуьрчу рекордийн Книгин векалийн цхьацца хаттарш кхолладелла. И бахьана долуш, кхин а цхьа кIира даьлча, и нах тIехьожуш а болуш, рекорд юхахIотто дагахь ву жима кIант. Нохчийчуьрчу министро дийцарехь, хьалха хилла рекорд хIоттийнарг ву ГIалмакхчуьра спортхо.

Дагестанера юкъараллан жигархо лаьцна ФСБ-но

Radiomarsho.com 

Дагестанера яхархо Абакарова Загидат лаьцна Москох Шереметьево аэропортехь Федералан кхерамазаллин сервисан белхахоша. Иза Москох дакъалаца дагахь хилла Гергарчу Малхбалехь лецна болу Оьрсийчуьра зударий а, бераш а цIадалорна хьажийначу зорбанан конференцехь. Абакарова лацаран бахьана хууш дац. И зуда 8 шо хан кхайкхийна ю суьдо Шемахь хилла ю аьлла. Набахтехь хан яьккхар тIаьхьатеттинера суьдхоша 13 шаранна, цуьнан беран 14 шо кхаччалц аьлла.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *