Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 24.11.2018

"Путинан метта Оьрсийчоь" аьлла конференци дIахьош ю Прагехь

Radiomarsho.com 

"Путинан метта Оьрсийчоь" цIарца Ходорковский Михаила лаамца вовшахтоьхна дуьненаюкъара экспертийн конференци йолийна Прагехь "Конференцин Iалашо ю - Оьрсийчоьнан хиндолчух сценари хIоттор, хIинца лаьттачу Iедална тIе а ца туьйжуш, керла форматаш а, некъаш, идейш кхуллуш", -аьлла ду организаторийн дIахьедарехь. Форумехь дакъалоцуш бу Оьрсийчохь а, дозанал арахьа а беха юкъаралхой а, политологаш а, экономисташ а, юристаш а, публицисташ а. КIирандийнахь берзор бу конференцин болх.

Гагиев: Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан бакъо яц дозанех хаттар къасто

Radiomarsho.com 

Оршотденна дIаяхьа вошахтоьхначу Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан кхеташонехь дакъалаца дуьхьало йина ГIалгIайчуьрчу кхелан куьйгалхочо Гагиев Аюпа. Цигахь дийца лерина ду Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан дозанаш хуьйцуш хиллачу бертах. "Медиазона" хьосто бина и хаам. ГIалгIайчоьнан Конституцин кхелан сайт тIехь Гагиевс яздина, документ Конституцин низамашкахь дуй къастор Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан компетенцехь дац аьлла. Кехат тIехь Гагиевс карладоккху, гIалгIайн Конституцин кхело сацам тIеэцна хилар. Читать дальше...

Нохчийчохь 14 АЗС дIакъевлина, 11 долахочунна дуьхьал гIуллакх долийна

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу шина беттачохь бинчу талламийн бух тIехь Нохчийчуьра 14 ягорг юттучу станцин (АЗС) болх сацийна, 11 долахочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дохуш. Ткъа АЗС-н белхахоша а, долахоша а билгалдоккху, талламаш бийраш бахьанаш а лоьхуш, шайн коча оьхуш хилар. Бахархошна ца тов ягорг дика цахилар а, шаьш дехачу хIусамашна гергахь станцеш еллар а. Маршо Радионо яздира, ГихтIахь цхьа станци иккхинчул тIаьхьа, йоллу республикехь талламаш бан болорах Iедалхоша.

Францехь митингаш марсаевлла

Radiomarsho.com 

Дизелан ягорган мах хьалабаккхарна дуьхьал бевллачу Францин бахархоша митинг дIахьош ю шоьтадийнахь а Парижехь. Демонстрацехь 30 эзар стаг хила тарло бохуш, яздо хаамашкахь. ГIали чохь къепе йохорна кхоьруш 3 эзар гергга полисхо ву араваьккхина. КIира сов зама ю Францин урамашкахь можа жилеташ йоьхначу бахархоша автострадаш, ягорг ютту меттигаш а дIакъуьйлу. Дахначу кIиранах йоллу пачхьалкхехь дIаяьхьначу акцехь дакъалецира 300 эзар стага. Машенашлелорхой боцурш а, дуккха а тIаьххьарчу хенахь... Читать дальше...

Европан кхеле бевлла Малайзе доьдучу кеман тIехь беллачийн гергарнаш

Radiomarsho.com 

2014-чу шарахь Товбеца-беттан 17-чу дийнахь Малайзин авиакомпанин "Боинг-777" кема Донбассана тIехула чудаийтича, цу тIехь веллачу 55 стеган гергарчара Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле латкъамбина. NOS Нидерландийн хьостано бина и хаам. Самолет дохорна бехке йо цара Оьрсийчоь. Москоха талламаш дIабахьа дуьхьалонаш латтош, шайн бакъонаш хьоьшу аьлла, дIахьедина цара. Оцу инцидентах дуьненаюкъарчу таллам бечу тобанна оьшу информаци дIа ца кхачайо оьрсийн пачхьалкхо, ткъа дIакхачийнарг харц ю аьлла хета царна. Читать дальше...

Бертаза шаьш футболе дигарх аьрзнаш дина бахархоша

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу стадионехь футболан матч йирзинчул тIаьхьа цIа даха машенаш ца хуьлу шайна, стадионе а бертаза а дуьгу шаьш аьлла, арздина "Кавказан узел" агенталле меттигерчу бахархоша. ПIераскандийнахь ЦСКА-ца "Ахмат-Аренехь" ловзуш яра "Ахмат" клуб. Студенташа латкъамбина, шайна нуьцкъаша тIедилларх футболе дахка. Арахь шийла йолчу хенахь цига кхача лаам бацара шайн, амма куьйгалло бертаза дигира шаьш стадионе, ца веанарг экзаменашка вуьтур вац бохуш, кхерамаш а туьйсуш, аьлла цара. Ишта нуьцкъаша... Читать дальше...

Оьрсийчоьнан ворхI субъектехь 10 процент лекхара ю белхазалла

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь белхазалла 4, 7 проценте кхиъна аьлла, терахьаш далийна Росстато. Къаьсттина 7 регионехь 10 % хьаладаьлла и терахь. Ю царлахь билгалйоккхуш ГIалгIайчоь (26,3 %), Нохчийчоь (13, 5 %). Ишта лакхара гойту белхан меттигийн къоьлла хиларца къастаелла Тува (12, 3%), Алтайн республика (11, 2 %), Дагестан (10, 6 %), Кхарачойн Чергазий (10, 4 %), Забайкалан кIошт (10, 1 %). Белхазалла лахара ю аьлла, хIоттийначу рейтингехь хьалха ю Москох (1,2 %), Петарбух (1, 5 %), Ямало-Ненецкан автономин го (1, 9 %), Ханты-Мансийск (2, 2 %). Читать дальше...

Ахматова Раиса а, Мамакаев Iаьрби а дагалоцур ду Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь билгалдоккхур ду яздархойн Ахматова Раисин а, Мамакаев Iаьрбин а 90 а, 100 шераш кхачар. Мехкан синбахамаллин министраллехь дIаяьхначу кхеташонехь оргкомитето дийцадаьккхина барам хIотторах. Шен 64 шо долуш кхелхина Ахматова, ткъа Мамакаевн 40 шо дара иза леш. Поэташ дагалоцуш литературан суьйренаш хIиттор ю, церан дешнаш тIехь даьхна иллеш хазор ду, бевзачу артисташа дIайоьшур авторийн произведенеш.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *