Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 11.11.2018

Калифорнехь цIераш йийлина, велла 25 стаг

Radiomarsho.com 

Iамеркарчу Калифорнин штатехь хьаннашкахь цIе йийларан бахьанашца беллачийн терахь 23 хьаладаьлла. ЦIаро хIаллакйинчу Парадайс гIалин йистошкахь карийна дукхаболу белларш. 26 эзар стаг вара цигахь вехаш. Уьш берш кIелхьарабаьхна цу гIалара. Парадайсан гергарчу кIошташкахь цIеран кхерам лаьтта. Ишта, Iамеркара бевзаш болу нах бехачу Малибу курортехь а. Кардашьян Кима дийцарехь, цу чуьра араяла цхьа сахьт бен хан яцара цуьнан. Калифорнин исторехь уггар даккхий зенаш дина кху цIаро аьлла Iамеркан Iедалша. Читать дальше...

Полисхоша кIентий байина дай Тбилисехь митинге арабевлла юха

Radiomarsho.com 

Стохка полисхоша дIахьочу леринчу операцехь вийначу ПIаьнказарчу 19 шо долчу вахархочун да Мачаликашвили Малхаз Руставелин цIарахчу проспекте веана Саралидзе Зазана а, кхиболчу протестхошна а тIехIотта. "Рустави 2" телеканалан эифрехь Мачаликашвилис дIахьедира, шена телевизионехь гира Саралидзе Заза а, цуьнан нана а дарбан цIийне охьадуьллуш, тIаккха лаам хилира шен митинге ван аьлла. "Тхайн маршо Iалашйийр ю оха" аьллачу акцин Iалашо ю, митинг вовшахтоьхначара дийцарехь, кIентийн байинчу дайшна гIо лацар. Читать дальше...

Хашогги вийна хиларан тоьшаллин аудиош Iамерке дIакхачийна Туркойчоьно

Radiomarsho.com 

Журналист Хашогги Жамал верца йоьзна аудиоматериалаш Хонкарас яржийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн, Германин, Францин, Великобританин Iедалхошлахь аьлла Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа. Цо бахарехь, "цара массара а ладоьгIна цу къамелашка". Хашогги вийначу Истанбулерчу СаIуда Iаьрбийчоьнан консулаллехь динчу къамелийн аудиош хилар бакъдина Туркойчоьно. И аудиош хиларх хьалхо хаамийн гIирсашкахь а дуьйцура. СаIуда Iаьрбийчоьно юьхьанца тIе ца дуьутура журналист вийна хилар, амма тIаьхьо мукIарло дира. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *