smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 06.11.2018

Делимхановн хадархой набахтех хьалхабевли 50 эзар сом гIуда а токхуш

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман хиллачу шина хадархочунна 50 эзар сом гIуда тоьхна Москохарчу Замоскворецкан кIоштан кхело. "Баккхийчу барамашкахь тобанашца ахчанаш даьхна" аьлла, царна дехкина бехкаш кIаддина "шайна луъург лелийна хилла" аьлла, хийцарца. 15 шаре кхаччалц хенаш йогIура царна набахтехь такха. Бехкаш дайдина кхело шен сацам дIакхайкхочу заманчохь. Талламан версица а догIуш, 2016-чу шарахь  чоьхьарчу гIулакхийн министраллан полковнико Ахмаев СаьIида а, Нацгвардин лакхарчу лейтенанто Болатбаев Лечас а... Читать дальше...

Шен куьйга оьккхуьйтург йина аьлла дIалаьцна Москохара дешархо

Radiomarsho.com 

Архангельскерчу ФСБ-н гIишло чохь эккхийтар динчуьнца уьйрашкахь хилла, шен куьйга оьккхуьйтург ян гIерташ хилла аьлла, шеконашца лаьцна кхиазхо карабогIучу-беттан 2-чу дийне кхаччалц чохь вуьтуш сацамбина Москохарчу кхело. ТАСС агенталло бина и хаам. Москохарчу Тушинера ша вехачу хIусамехь лаьцна  дIавигинера пIераскандийнахь 14 шо долу дешархо. Иза вехачу хIусамехь лоьлхуьйтурш ен мел оьшу гIирс карийна бохуш, чIагIдо. Кхиазхочунна дуьхьал ши гIуллакх диллина. "Интерфакс" агенталлан хаамашца... Читать дальше...

Шен боцу бала эцна Путин волчу

Radiomarsho.com 

Чохь бохку террористаш, кхечу тутмакхех дIа а къестийна, шаьш кхаба беза набахтешкахь, аьлла …Дагестанерчу харжамийн кхеташонан куьйгалхочо Дибиров Мохьмада. Хьаькамо иза социалан машанашкахь яздина хилча, дуьсур дара тергамза, амма цо иза аьлла Путине, Кремлехь, харжамийн ситемин 25 шо кхачар даздечохь. ​Мехкийн харжамийн кхеташонхоша ден къамел юхьанца кхин дара: муха хазлуш бу шо шаре мел долу харжамийн барамаш. Амма эццахь Харжамийн Коьртачу Кхеташонан куьйгалхочо Памфилова Эллас дош ала дийхира Дибировга... Читать дальше...

Социалан машанашкахь ша аьшнашвар ца тайна Умаровна

Radiomarsho.com 

Социалан машанашкарчу шен агIонаш тIехь сийсазе, провокацин комментареш юьтучарна жоп дитина Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата. "Шина къомана юкъахь вошалла чIагIдархьама" ша дуьту йозанаш, байташ бахьана долуш шен пенаш тIехь юьту комментареш ца тайна министрна. "Делан кхеле дIаделла ас шу! Аш хIуъа а яздарх, питанаш тийсарх, хаалаш, суна дика хаьа шун кийрахь дерг, суна шух чекх са го. Со эзарза лийр ву, сайн дагна хьомечу гIалгIайн къомана цхьа вон дош сайгара ца хозуьйтуш", - аьлла министро.

Парижехь цхьанакхетар хир дац Трампан а, Путинан а

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъара Хьалхара тIом бирзина 100 шо кхачарна лерина Парижехь тIедогIучу кIирандийнахь хIитточу барамашкахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президентийн Трамп Дональдан а, Путин Владимиран а кхачо йоллуш цхьанакхетар ца хила тарло. Трампа дина цу кепара дIахьедар. Кху беттан 30-чохь Аргентинехь йолалучу саммитехь вовшахкхетча дийцарщ дIадахьа таро ю охашимма аьлла Iамеркан президенто. Ишта Кремло а тIечIагIдина Парижехь шина лидеран цхьанакхета аьтто хир бац аьлла. Дуьненаюкъара... Читать дальше...

Уггар йорах ягорг ю Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Росстатан зераш тIехь "Керланаш" агенталло хIоттийначу рейтингехь, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а дизелан ягорг уггар а лахарчу мехах ю. Мах лакхара хиларца къаьстина Сахалин а, Чукотскан автономин кIошт а, Магадан а, Камчатка а, Саха Республика а (50 сом). Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а ягочун литарх 40 сом доьху. Аналитикийн статистикаца, юккъерчу барамехь аьлча 2018-чу шарахь 10 процентна язъелла дизелан ягорг.

ТIедогIу шо Галайн-ЧIожан кIоштан хир ду

Radiomarsho.com 

Галайн- ЧIожан кIоштахь хилла вухавирзичнул тIаьхьа "ВКонтактерчу" шен пена тIехь йоза дитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "ГIалгIайчоьнца дозанехь йолчу меттигехь кхеташо дIаяьхьира ас сайн хьомсарчу доттагIашца - парламентан спикерца Даудов Мохьмадца а, министрийн кабинетан куьйгалхочуьнца Хучиев Муслимца а, ницкъаллийн структурийн а, кIоштийн а куьйгалхошца а. Цхьанакхетаран коьрта жамI – карадогIу 2019 шо Галайн-ЧIожан кIоштан дIакхайкхор", - яздина Кадыровс. Цо бахарехь, денйийр ю кIошт... Читать дальше...

Соьлжа-гIалахь хиллачу некъан хьовзамехь 10 стаг лазийна

Radiomarsho.com 

Пассажираш тIехь болу Газель а, "Ларгус" а, Ford Mondeo а машенаш вовшахкхетарца 10 стаг а лазош, некъан бохам хилла Соьлжа-ГIалахь, хаамбина Керланаш агенталло. "Сайхановн урамехь хилла инцидент ю иза. Болчу хаамашца, итт стаг лазийна, шайлахь шиъ кхиазхо а волуш", - аьлла некъан полисхойн урхаллехь агенталле. Зулам нисдаларан бахьанаш толлуш ду, бехкенаш билгалбохуш аьлла урхаллан векало.

Нохчийчохь оьрсийн эскаршна тIелеттачарна дина таIзар хийцаза дитина

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь эскархошна тIелатар динчу Крымшамхалов Юсупан а, Деккушев Адаман а хьокъехь Лакхарчу кхело шайн сацам хийцаза бити. 1999-чу шарахь Нохчийчохь оьрсийн эскархой байина аьлла бехкевинчу цушинна тоьхначу яккхий хенашна адвокаташа дина арз къобал ца дина суьдхоша, яздо "Коммерсанто".  1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан тIеман министраллан эскархойн коврана тIелатарна набахтехь даккха 12 а, 8 а шераш кхачийнера Деккушевна а, Крымшамхаловна а. Талламчаша чIагIдарехь, оьрсийн эскаршна кIело а йина... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *