smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Новости за 26.11.2018

Дошдаларан тоьшаллана тIетевжина Титиев аравалийта реза ца хилла суьдхо

Radiomarsho.com 

Кхел йоьдучу ханна Титиев Оюб набахтера аравалийтар дехнера Шеларчу суьде "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас а, "Яблоко" партин хьалханчо Явлинский Григорис а. Иза къайлавер вац аьлла дошдаларан тоьшалла динера цу шиммо.  Амма Ганнушкинан а, Явлинскийн а дехар юхатоьхна суьдхочо. Суьдхочо дIахьедар дина, ша бухе диллинарг "шена хетарг а, низам а, эхь-бехк хилар а" дара аьлла. "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо Титиев бехке веш ву Нохчийчохь наркотикаш лелорна.

Сурташ дохуш хьеделлачу шен нускална йиттина жимачу стага

Radiomarsho.com 

Инцидент хилла "Москва-сити" студехь хаам бо Mash канало. Суртийн студехь сурташ а дахийтина арадевллачул тIаьхьа нускал хьеделла хилла, ша шен селфи олу сурташ дохуш. И бахьана долуш зуда ялоран церемони тIаьхьататта дезна цхьана сохьтана. Оцунна оьгIазваханчу жимачу стага къиза йиттина зудчунна. "МК" газето яздарехь, и бахьана долуш нускал дIакхачийна дарбанан хIусаме.

Украина – Оьрсийчоь: хIорда тIера конфликт

Radiomarsho.com 

Буьззинчу тIеман кечаман раже даьхна Украинан эскарш. ТIеман министраллин пресс-гIоьнчалло бина и хаам тахана Iуьйранна. Керчь-гечонехь хьал талхарца доьзна шен ницкъашна изза буьйр дина Украинан Кхерамзаллин урхалло а. Украинан эскарийн буйранчаша хьалхо хаамбира, герзаш а тухуш,  Украинан кхо тIеман хIорда кема лаьцна Оьрсийчоьнан ницкъаша Керчан гечонехь, аьлла. Лазийна ялх украинан хIордхо.  Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан (ФСБ) куьйгалло а бакъбо и халам: доза дохорна Iаьржачу хIорда тIехь лаьцна Украинан кеманаш, аьлла цо. Читать дальше...

24 шо кхаьчна "оппозицин" тобанаша Соьлж-ГIалана тIелатар дина

Radiomarsho.com 

24 шо хьалха 1994-чу шарахь, Лахьанан-беттан 26-чу дийнахь, танкашца болчу Оьрсийчоьнан эскархоша гIо а деш, Соьлж-ГIалана тIелатар дира Дудаев ЖовхIара куьйгалла дечу Iедална дуьхьал болчу оппозицин ницкъаша. Шайн исторехь дуьххьара вовшашца тIом бира нохчаша цу дийнахь. ХIинца а билггал хууш дац, Соьлж-ГIалана тIелатар дича шина а агIор байинчу нехан терахь. Кхин а ши кIира даьлча Оьрсийчоьнан эскарша буьззинчу барамехь дIаболийра хьалхара тIом. Оцу дийнахь галдаьлла хьал хIинца а кхочуш лортIе даза ду нохчашна юкъахь. Читать дальше...

Лахьан-беттан 26 де дагадоуьйту Сулумхаджиев Аптис

Radiomarsho.com 

1994-чу шарахь Лахьан-беттан 26-чу дийнахь оппозицехь бу бохучу наха тIелатар дира Соьлж-ГIалана. Цу хиламо бехна Нохчийчу хьалхара тIом аьлла хета цхьамогIа цигахь дакъалаьцначу нахана. (2005-гIа шо, архивера видео)

Соьлж-ГIала. Ненан Де

Radiomarsho.com 

Нана – уггаре деза, ца хилча ца тору ирс. Массарел а дукха хьахайо иза литературехь, кинохь, театрехь. Амма цкъа а ца хезча санна, хаза хеза цунах олу хIора байт, цунна кхайкхош болу хIора хастам… Ненан дийнахь (кIиранде) Соьлж-ГIалин урамашкахула чекхваьллачу Маршо Радион корреспондентна алссам карийра Нене дош ала хуурш а, цуьнга шайн дош ала луурш а.

Юха а дайлуш ду Оьрсийчоьнан сом

Radiomarsho.com 

Оршоттан дийнахь Оьрсийчохь юха а даздала доладелла доллар а, евро а. Шийнарин дийнахь бийр болчу мехаца иза долларца дуьстича сом дайделла 34 кепекана. Москох биржехь цхьана долларх лора 66,53 сом. Евро дазделла 49 кепекана. Цуьнан мах бу 75,54 сом.

Гоьваьлла лор Бокерия цомгучу берашка хьожур ву Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Дуьненна а вевзаш волчу кардиохирурго Бокерия Леос ГIура-беттан 5-гIа а, 6-гIа а де доккхур ду Соьлж-ГIалахь. Нохчийчоьнан могашаллан министраллаца бинчу бартаца, цу шина дийнахь лоьро тIеоьцур ду дагца цамгарш йолу бераш. Бокерияца Соьлж-ГIала богIуш бу цхьамогIа говзанчаш. Цамгарш ловш долчу берашка хьаьжна ца Iаш, Бокерияс а, цуьнан накъаосташа а йоьшур ю лекцийн курс а, дIахьур ю говзанчан корматалла гойту мастер-класс а. Карарчу хенахь лоьрашна гайта бераш кечдеш болх бу дабоьдуш республикехь.

Белхан къоьлла хиларца шолгIачу меттехь ю Нохчийчо

Radiomarsho.com 

Росстат олучу Оьрсийчоьнан урхалло бинчу хаамца, пачхьалкхехь алсамдаьлла болх боцучу нехан терахь, хаам бо "Российская газета". Цуьнца а догIуш, карарчу хенахь бан болх боцуш бу Оьрсийчохь 4,7 процент къахьегалучу бахархойх. Гезгмашин-баттахь и терахь дара 4,5 процент. Росстато хIоттийначу таблицо гайтарехь, уггаре кIезиг нах бу бан болх боцуш Москох - 1,2 процент. ШолгIачу меттехь ю Петарбух – 1,5 процент. Болх каро уггаре хала ду ГIалгIайчохь. Цигахь къахьегалучу нахах бан болх боцуш бу 26,3 процент бахархой. Читать дальше...

Белхан къоьлла хиларца лахара хьала шолгIачу меттехь ю Нохчийчоь

Radiomarsho.com 

Росстат олучу Оьрсийчоьнан урхалло бинчу хаамца, пачхьалкхехь алсамдаьлла болх боцучу нехан терахь, хаам бо "Российская газета". Цуьнца а догIуш, карарчу хенахь бан болх боцуш бу Оьрсийчохь 4,7 процент къахьегалучу бахархойх. Гезгмашин-баттахь и терахь дара 4,5 процент. Росстато хIоттийначу таблицо гайтарехь, уггаре кIезиг нах бу бан болх боцуш Москох - 1,2 процент. ШолгIачу меттехь ю Петарбух – 1,5 процент. Болх каро уггаре хала ду ГIалгIайчохь. Цигахь къахьегалучу нахах бан болх боцуш бу 26,3 процент бахархой. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан кхеташонехь дакъалаца реза ца хилла Гагиев

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан Конституцин кхелан куьйгалхо Гагиев Аюп реза ца хилла Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бина барт бийцаре беш Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан кхеташонехь дакъалацала. Цунах лаьцна цо хаам бина цу кхелан гIанден когаметте Маврин Сергейга яздинчу кехтат тIехь. Гагиевс чIагIдарехь, цо куьйгалла дечу кхело ГIадужу-беттан 30-чохь тIеэцна сацам кхочуш бан декхарелахь ю еррриг а Iедалан органаш, иза хийца бакъо яц цхьана а кхечу кхелан. Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *