Парижехь цхьанакхетар хир дац Трампан а, Путинан а
Ишта Кремло а тIечIагIдина Парижехь шина лидеран цхьанакхета аьтто хир бац аьлла.
Дуьненаюкъара Хьалхара тIом бирзина 100 шо кхочуш Парижехь барамашкахь дакъалоцур ду иттанашкахь пачхьалкхийн лидерша.
"Коммерсант" газетан дипломатин хьостано чIагIдарца, Путинан а, Трампан а цхьанакхетар юкъахдаьлла Францин президенто Макрон Эммануэла дехар динчул тIаьхьа. Шина политикан цхьанакхетаро коьртачу барамна тIера терго дIаяккхарна кхоьру иза.
Кху аьхка Хельсинкехь тIаьххьара цхьанакхеттаТрамп а, Путин а.
