Инстаграмера Кадыровн аккаунт дIакъевлина
Думан депутат Саралиев Шамсаил эргIадвахна хиллачунна. Амма цо бакъ ца до, стохка ГIуран-баттахь шен агIо дIакъевлинчул тIаьхьа Кадыровс юха йиллина аккаунт яра бохург. Депутатан хаамашца, za_kadyrov_95 агIо лелорийш Кадыровн агIончаш бара.
Маршо Радионо яздира, стохка Iай Кадыров Рамзанан Фейсбукера а, Инстаграмера а аккаунташ дIакъовларх. Iамерко "Магнитскийн тептаре" Кадыров ваккхарца доьзна, блок тоьхнера социалан машанашкарчу цуьнан агIонашна.
Цул тIаьхьа Кадыровс дIахьедира, Нохчийчохь Mylistory аьлла, керла социалан маша кхолларх а, ша цу чохь аккаунт елларх а.
"Социалан машанашкахь шайна ма-тов блок тухийла цара сан аккаунташна, амма Кадыров Рамзанан цIарна цкъа а аьтто хир бац церан блок тоха", - аьлла, дIахьединера мехкан куьйгалхочо.
