Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 03.02.2018

"Сан дагчохь ю Оьрсийчоь"

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалин коьртачу шахьарахь хIоттийначу митинг-концерте гулбеллера, дийцарехь, 170 эзар стаг, хьалхабевлла мехкан Iедалера нах а болуш. ХIора вахархочо ша маьрша хилар дIахаийтина оцу боламе варца аьлла зорбан министро Умаров Джамбулата. Маршо Радион корреспондент а хилира акцехь.

Кадыровн фондо гуманитаран гIо кхачийна шемахошна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Mylistory агIон тIехь видео а хIоттош хаамбина, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо Шемарчу бахархошна гIо латторах. Цуьнан информацица, уггар а оьшучу сурсатех гуманитаран гIо хьажийна фондо Алеппо а, Демаьшка а, Латаке а, дукха хан йоццуш маьршаяьккхинчу Дайр-эз-Зауре а. Цул совнах хинан къоьлла йолчу кIошташкахь хи латто гIунаш яхар а ду тIедиллина. Кадыровн фондан дехарца цхьахйолчу фабрикехь 20 эзар довха юргIанаш а ду тега долийна, 100 операци яр ду тIелаьцна берашлахь а, баккъийчарлахь а. Читать дальше...

ГIалин дарбан цIийнера коьрта лор балхара вохийна

Radiomarsho.com 

Соьж-ГIалин Старопромыслан кIоштан кхело листина кху деношкахь коррупцин гIуллакх. Кхелан талламца, гIалин дарбан цIийнехь коьртачу лоьран декхарш кхочушдечу куьйгалхочо Нохчийчоьнан могушаллин министро куьйгяздинчул тIаьхьа бен низамаша ца магадой хуушшехь, ша шена яздина преми эцна 43 500 соьман барамехь. Шина шарна пачхьалкхан белхашкахь даржехь болх бар доьхкуш сацам тIеэцна кхело, дов листинчул тIаьхьа.

Оьрсийн программистна экстрадици йина Iамерке

Radiomarsho.com 

Испанин Iедало Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташка экстрадици йина оьрсийн программистна Левашов Петрна. Iамерко иза бехкево киберкурхаллаш лелорна. Программистан хьокъехь Коннектикутан кхелехь дуьххьара кхелан ладегIарш хилла. Шена дуьхьал даьхначу бархIе а бехкех цхьа а тIе ца эцна Левашовс. Дахначу шеран бIаьста Барселонехь лецира программист. Компьютерш бехъеш, спам дIаса а кхоьхьуьйтуш, ша кхоьллина глобалан маша хилла цо лелош. Иштта гулъеш хила персоналан информаци компьютерех пайдаоьцучийн. Читать дальше...

Соьлж-ГIалахь патриотикан митинг-концерт дIаяьхьна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан бахархой гулбеллера шоьтадийнахь шахьаран коьртачу майданахь Оьрсийчоьнан  Юкъараллан палато йолийначу  "Оьрсийчоь сан дагчохь ю" патриотикан митинг-концерте. "Сталинградан тIамехь толам баккхаран 75 шо кхочучу терахьашца митинг дIаяхьар нисдалар къаьсттина мехал ду", - аьлла Оьрсийчоьнан Юкъараллан палатан секретара Фадеев Валерийс. Билгалдоккху и тайпа барамаш йоллу пачхьалкхехь дIахьур болуш бу. Волонтерийн юкъараллаш, боламаш, юкъаралхой, бахархой хир бу цу митинг-концертехь дакъадоцуш.

Кадыров: Даймехкан тIамех бакъдерг харцхьадоккхурш жоьпе озо беза

Radiomarsho.com 

Даймехкан тIамех бакъдерг харцхьадаьккхинчунна тIе жоьпалла дожош низам юкъадаккха деза аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Твиттерерчу шен микроблогехь яздина цо цунах. "Хаа а хуш бакъдерг эрчадоккхучарна дуьхьал гIуллакхаш доло деза. Сталинградехь тIамехь эзарнашкахь вайн тIемалой, офицераш байина, амма эскар дуьхьал лаьттина, Паулюс а, румынхойн, италхойн дивизеш, хорватан дакъош а хIаллакдеш. Сий хуьлда Турпалхойн!", - яздина Твиттерехь Кадыровс. ПIераскандийнахь 75 шо дуьзи Сталинградан тIамехь толам баьккхина. Читать дальше...

Хьарамлонаш лелорна набахте хьажош ву даржхо

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Федералан казначействон урхаллехь болх бинчу Дудаев Анзорна таIзар дина 95 миллион сов сом лачкъорна. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан сайтехь бу и хаам. "Талламчаша гулдина тоьшаллаш кхачаме ду Дудаев Анзорна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх делла. Иза бехке ву, "Ростехнадзоран" шина белхахочуьнца юкъахь даккхий ахчанаш лечкъош, хьарамлонаш лелорна, шен белхан даржех пайда а оьцуш", - аьлла ду хаам тIехь. Низамца а догIуш, Дудаевна кхачадо динчу зуламна набахтехь даккха 6 шо хан а, шина... Читать дальше...

Москальковас Титиевн гIуллакх нохчийн полицигара схьаэцар дехна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас нохчийн полицигара схьаэцар дехнf Соьлж-ГIаларчу "Мtмориалан" центран декъан куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакх. РБК агенталло бо и хаам. Чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсан Романов Александран цIарахчу кехатна куьйгяздина Москальковас, Титиевн гIуллакх Къилбаседа Кавказан федералан округан чоьхьарчу гIуллакхийн урхалле листа дIахьажор доьхуш. "Интерваксан" информацица, омбудсмен тешна ю цигахь бакъонца Титиев Аюбан гIуллакх толлур хирг хиларх. ... Читать дальше...

Эшам хилла Венерчу мухIажиршна - "Баба Уте" дIаяьлла

Radiomarsho.com 

Бок Уте - Венера социалан белхахо - ца евзаш, юьйцу хазанза вац наггахь а мухIажир. БIеннашна кхаьчна цуьнан деган йовхо, цо гIоданза вац наггахь а. Бовхачу безамца олура цунах Австрерчу вайнаха "Баба Уте". П1ераскана иза коше ерзош Вена гулъеллера ерриг а санна.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *