Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 13.02.2018

Нохчочунна урс диттинчу овхIанхойн дов хоттуш ду Венехь

Radiomarsho.com 

Байначу баттахь Венерчу Кеплерплатцан гергахь масех нохчийн кегирхойх лата чугIоьртинера овхIанхойн тоба. Уьш дIасакъастон юккъеваьллачу 24 шо долчу австрихочунна а, ткъа иштта цхьана нохчочунна а урс тоьхнера царах цхьаммо. И талор шаьш динчу меттера  дIабоьлхуш болу овхIанхойн новкъахь  кхин цхьана  стагах леттера. Цунна тIехь оьрсийн йоза долу коч хиларна, иза нохчо хила мега аьлла сацам бинера цара. Масех баттахь цу кIоштарчу урамашкара видеокамерашна тIерачу йозанашна таллам бинчул тIаьхьа полисхойн аьтто баьлла талорхой билгалбаха. Читать дальше...

Нохчийчоь: Iаьнан юккъехь адамаш дохор

Radiomarsho.com 

Куьршалахь 38 ков-керт дIахьокхур ду. Уьш лаьттинчу меттигехь хьалайийр ю йохка-эцаран центр. Масех де делла бахархошна хIусамашкара арабовла. Меттигерчу хьаькамаша тIейогIучу хенахь царна керла тховкIелонаш хуьлуьйтур ю шаьш аьлла, амма билггал маца, дуьйцуш дац.

Нохчийчу кхаьчна "Делимобил"

Radiomarsho.com 

ХIора минотех мах а луш, шен гIуллакхе ваха-ван машен оьцуш сервис схьайиллина Соьлж-ГIалахь шинарийдийнахь. Иза схьайоьллуш Нохчийчура Iедалан дай а, лаккхара хьакамаш а хилла баьхкина. "Делимобил" цIе йолчу оцу проектан кхечарца дуьстича башхалла ю, ахь и машен лелочу хIора минотехь бен ахча дала дезаш цахилар а, машен муьлххачу меттигехь а схьаэца йиш йолуш хилар а. Махкарчу Iедална мехал хета каршеринг Нохчийчохь гучуялар, хIунда аьлча, уьш тешна бу оцу проекто дуккха а белхан меттигаш латтор хиларх а бахархошна... Читать дальше...

Трампа кадам бина Оьрсийчоьнан президенте

Radiomarsho.com 

Iамеркан президенто Трамп Доналда телефонехула кадам бина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимре, "Саратовн авиалинийн" Ан-148 кема чударца доьзна. КIайчу цIийнан пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Оцу хаамехь дуьйцу, Цхьанатоьхна Штаташ Оьрсийчоьнан Iедалшна катастрофа хиларан бахьанаш толлуш гIо дан кийча ю аьлла. Иштта Трампа дIахьедина, Гергарчу Малхбалехь чIагIо йоллуш машаран барт барехь а цхьаьна болх бан хан кхаьчна хиларх. "Шина президенто дийцаредина вовшашна интересе хета кхидолу хеттарш а. Читать дальше...

Тиллерсон: "Исламан пачхьлкх" шех олу тоба ерриг а хIаллакъян еза

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа урхалла дечу коалицин декъшхошка пачхьалкхан секретара Тиллерсон Рекса Иракъера а, Шемара а "Исламан пачхьалкх" шех олу тоба ерриг хIаллакъе аьлла. Шинарийдийнахь Кувейтехь коалицин декъашхошна хьалха вистхуьлуш, Тиллерсона дIахьедина, баккхий тIемаш берзор, тобанна тIехь толам баккхар дац аьлла. ДаIишхойн карара даьлла, цкъа мацах церан контролехь лаьттинчу Иракъан, Шеман дозан доккхах долу дакъа. Амма хIетте а, аьлла цо, джихIадхой кхераме бу регионна а, ишта дуьненчуьрчу кхечу пачхьалкхашна а. Читать дальше...

"Мемориал": Титиев политикан тутмакх ву

Radiomarsho.com 

Боккхачу барамехь наркотикаш лелийна аьлла, бехкевина Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" декъан куьйгалхо Титиев Аюб, политикан тутмакх хилар тIечIагIдина бакъонашларъяран "Мемориал" организацино. И хаамбина цара шайн сайтехь. Адамийн бакъонаш ларъярехь цо бечу балхана дуьхьало ярхьама айдина ду и гIуллакх аьлла хета бакъонашларъярхошна. "Мемориало" карладаьккхина Кадыров Рамзана Титиев "анашаца наркоман" ву, бакъонашларъярхойн организацеша Нохчийчохь болх бийр бац, хIунда аьлча, уьш "къоман мостагIий" а бу... Читать дальше...

Даудов Буденновскехь хилар тIечIагIдина тешо

Radiomarsho.com 

1995-чу шарахь Буденновскехь, закъалтхой а лоьцуш, хиллачу тIелатарехь дакъалаьцна аьлла, бехкевен Даудов Бадрудди баккъал а цигахь хилла хиларх тоьшалла дина Махмудов Аслан аьллачу псевдонимца хьулвинчо. Новости агенталлан корреспонденто кхел йоьдучуьра бина и хаам. Къилбаседа Кавказан тIеман кхело листа долийнера байначу беттан 23-чу дийнахь Даудовн гIуллакх. Шинарийдийнахь хеттарш дина къайлахчу теше видеозIеца. "Оцу хиламан декъашхо ву со. Кхел йина а ву оцу артиклца. Суна вевзаш ву и стаг", - аьлла Махмудовс Дудовх хаьттича шега. Читать дальше...



Нохчийчоьнна некъаш тодан ахча делла

Radiomarsho.com 

Къилба Оьрсийчоьнан кхаа регионна некъаш тодан 1, 9 миллиард ахча билгалдаьккхина. Волгоградан кIошт, Кубань, Нохчийчоь а нисъелла оцу тептаре, хаамбина Оьрсийчоьнан министрийн кабинето. Кубанна  500 миллионов сом кхаьчна, Нохчийчоьнна- 250 миллионов сом. Ишта Волгоградан кIоштанна а, Нохчийчоьнна а совнах 990 а, 180 миллионашкахь соьмаш делла, некъаш дан а, некъашца йолу мехал объекташ денъян а, аьлла.

Мисарарчу футболан тобанна хьошалла дан кечлуш ю Соьлж-ГIала

Radiomarsho.com 

2018-чу шеран дуьненан чемпионате йогIу Мисарара тоба лаккхарчу хьелашкахь, беза хьеший санна тIеэца Iалашо ю Нохчийчуьрчу Iедалхойн. Оргкомитетан декъашхошца хиллачу цхьанакхетарехь дина и дIахьедар Кадыровс, яздо "Нохчийчоь Тахана" агенталло. "Вайн республикан имиджна доккха ниIмат ду Мисаран футболан тоба Соьлж-ГIала йогIуш хилар. Хьалхарчу президенто Кадыров Ахьмада бух биллинчу спортехь вай баккхий кхиамаш баьхна хилар дуьнено а къобалдеш хиларан билгало ю иза. Вай декхаре ду дайн бIешерашкарчу хьошаллин ламасташца уьш тIеэцар"... Читать дальше...

Кадыров: Гуьржийчуьра ведда Саакашвили Украина ирсе ян дагахь вара

Radiomarsho.com 

Оршотдийнахь Киевехь лаьцна, Полше дIахьажийна оппозицин боламан лидер Саакашвили Михаил Варшаве кхьачна чартеран рейсаца аьлла, яздо Украинан гIирсаша. Маршо Радион корреспондентан информацица, оршотдийнахь ресторанехь лецира Саакашвили туьтмIаьжгашца болчу наха. Микроавтобус тIехь мича вуьгу а ца хоуьйтуш, дIавигинера иза. ТIаьхьо хааме делира, дозанхоша иза Полше дхьахьажийна аьлла. Киевехь политик лацар цунна урок хир ю аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, Украинана муьтIахь иза волчу хенахь... Читать дальше...

Кадыровна ца тайна журналистийн авиакатастрофех дийцарш

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана критика йина, кема чудоьжначохь лаьттачу хьолах ма- дарра журналисташа дийцарх, ур-атталла, Iаьнначу цIийх а. "И дерриг а дуьйцуш, маса декъийн чалхаш карийна Ан-148 кема чудоьжначохь яздеш,  Iорадаккхар сийдоцуш дац",- аьлла яздина Кадыров Рамзана шена Твиттерехь.

АН- 148 кеманчохь хиллачийн меженаш карийна

Radiomarsho.com 

Ан-148 кема доьжначу Подмосковьен Раменск кIоштахь 500 гергга геригаш а, 1, 5 эзар гергга беллачийн декъийн меженаш а карийна. ТАСС агенталло бина и хаам орцан министраллан штабан (МЧС) информацех пайда а эцна. КIирандийнахь чудеана "Саратовн авиалинеш" кампанин АН-148 кема Москохарчу Домодедовн аэропортера  гIаьттина Оренбурган кIоштара Орск гIала доьдуш хилла. Радарийн тергонера дайна иза гIаьттина масех минот яьллачул а тIаьхьа. Доьхначу кеман геригаш хааелира Подмосковьен Раменск кIоштарчу Степановск олучу эвлахь. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *