Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 08.02.2018

Европарламенто Титиев маьршаваккхар тIедиллина Оьрсийчоьнна

Radiomarsho.com 

Европарламенто резолюци тIеэцна Титиев Оюбан гIуллакхах йоьзна йолу. Цуьнца а догIуш, Оьрсийчоьнан Федерацина тIедиллина бакъонашларъярхо маьршаваккхар, хаам бо dailystorm.ru зорбанан гIирсо. Европарламентан декъашхоша дагадаийтина Оьрсийчоьнна адамийн бакъонаш а, демократин кепаш а ларъян езаш хилар. Европарламенто тIеэцна и резолюци дIакхачор ю Европан Кхеташоне а, ОБСЕ а, Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн Iедалшка а, парламенташка а, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире а, Оьрсийчоьнан Iедале а... Читать дальше...

Къам махкахдаьккхина де дагалаца кечлуш бу Малхбузера нохчий

Radiomarsho.com 

Нохчийн къам дохийна махкахдаьккхина де дагалоцуш цхьамогIа цхьаьнакхетарш дIадахьа кечлуш бу Европера нохчий. ГIура-беттан 23-чохь Австрин шахьарерчу уггаре а хазчех гIишлонна чохь дIахьур ю нохчийн бохорна лерина конференци. Венин 5-чу кIоштан урхаллин кхерчахь хир ю иза. Цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хир бу Австрера Къилбаседа Кавказах болу Iилманчаш. Цул совнаха, политикаш а, юкъараллин жигархой а хир бу цигахь. Дагалацаман суьйренна модераци еш Нохчийчоьнах лаьцна масех киншкин автор йолу Шолль Сюзанне хир ю. Читать дальше...

Дейр-эл-Зорехь Асадан ницкъашна тохарш дина коалицино

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкхаца" къийсам дIахьочу Iамерко куьйгалла дечу коалицино бомбанаш а, ракеташ а тоьхна Шеман Iедалан ницкъашна Дейр-эл-Зоре провинцехь. Цунах лаьцна хаам бина еарин дийнахь Шеман пачхьалкхан телевизионо. Iамеркан официалан векло шен агIор дIахьедар дина Рейтер агенталле, 100 сов президентана Асад Башарана муьтIахь волу эскархо вийна шаьш аьлла. Цо дийцарехь, коалицин ницкъаша юкъахдаьккхина Асадан эскарша дан кечдина долу тIелатар. Iамеркан эскаран векло дийцарехь, Дейр-эль-Зоре... Читать дальше...

Шемахь шайн эскаршна юкъахь уьйраш чIагIъян барт бина Путина а, ЭрдохIана а

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а президенташа Путин Владимира а, ЭрдохIан Реджепа а барт бина Шемахь терроризмаца къийсам дIахьош шайн эскарийн а, кхерамазаллин ницкъийн а вовшашца йолу уьйраш чIагIъян. Цунах лаьцна дIахьедар дина Кремлан зорбанан сервисо. Чиллан-беттан 8-чу дийнахь, телефонехула къамел деш, Путина а, ЭрдохIана а дийцаре дина Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а, ГIажарийчоьно а  Шемахь кхин дIа юкъаметтигаш лелорца доьзна хаттарш. Президентан Путинан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс бинчу хаамца... Читать дальше...

"Гоч" журнало Нохчийчохь яржайо дуьненан литература

Radiomarsho.com 

"Гоч" журнал зорбане дала доладелла дукха хан яцахь а, цо хIинцале шен меттиг дIалаьцна нохчийн а, дуьненан а литература яржорехь. РогIера лоьмар араяьлла цуьнан. Журналан чулацамо дог Iабор ду, нохчийн маттахь керла йозанаш, жайнеш довза луучун. Коьртаниг ду, журналехь зорба тухуш гIарабевлачеран а, ца бевзачеран белхаш хилар. Кху шолгIачу лоьмарехь еша таро ю нохчийн маттахь Лермонтовн а, Есенинан а, Цойн а, Хетагуров Костин а, Рожденственский Робертан а байташ а; Карамзинан а, Распен а, О. Генрин а... Читать дальше...

Австрин полици: «Нохчий, Iедалан белхахошна тIекхийда мегар дац!»

Radiomarsho.com 

Венерчу интеграцехула а, къаьмнийн тайп-тайпанналлехула а йолчу магистратан белхахоша меттигера Iедалхой а, нохчийн диаспоран векалш а гулбинера шайн кхерчахь. Цара кхайкханера Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера лаккхарчу даржашкара масех полисхо а, къайлахчу сервисан векал а. Ткъа цаьрца шайна лазаме долу хеттарш дийца гулбинера тайп-тайпанчу нохчийн цхьаьнакхетараллийн векалш а, юкъараллин жигархой а, кегирхой а. Цхьаьнакхетар вовшахтоьхначу Магистрат 17 цIе йолчу хьукматан белхахочо Мехмети Сайдинс элира... Читать дальше...

Кадыровн хилла векал бехке вина бизнесхо лачкъорна

Radiomarsho.com 

Москох талламхоша бозбунчалла лелорна бехк кховдийна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Украинехь векал хиллачу Цуцулаев Рамзане, яздо "Кавказский узело". Цуцулаевн адвокато чIагIдо иза бехке вац бохуш. "Кавказский узело" дийцарехь, Цуцулаев бехке вина Iедалан векална ницкъ барна а, бозбунчалла лелорна а. Иза иштта жоьпе озо мегаш ву адам лачкъорна а, ницкъ а беш, ахча даккха гIортарна а. Цуцулаев лаьцна ву Москох. Пресненски кIоштан суьдан зорбанан секретаро Черников Алексейс бинчу хаамца, Чиллан-беттан... Читать дальше...

Талламан комитете дIаделла Титиевн гIуллакх

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан прокуратуро, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан республикерчу урхаллера схьа а эцна, дIаделла Титиев Оюбан гIуллакх  Талламан комитетан меттигерчу (нохчийн) урхалле. Цунах лаьцна "Интерфаксе" хаам бина адвокато Новиков Ильяс. Юристо дийцарехь, Титиевс талламхошка дийцина муха хилира полисхой шен машенах хьовсар. Гергарчу хенахь талламан комитето дIаболор бу цо дийцинарг толлуш боллу болх. Чиллан беттан 2-чу дийнахь Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас дехар динера... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *