smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 04.02.2018

Хачукаев: "Хала ду Султанна тоьшаллаш дан а, иза вийца а..."

Radiomarsho.com 

"Дош лелла мохк бу Нохчийчоь. Цуьнан деза хилар дуьххьарлера дош Делан хилар ду. ЖIов етташ ца кхоьллина дуьне, хьостамца ца къевлина, Делан цхьана дашо кхоьллина, къевлина. Дала шен дош адаме кхачийна, хIораммо тIе а лаьцна и лардар. Иштта хилла вайн дайшна юкъахь дешан кхетам. Цуьнан йозалла оза, юста хIума ца хилла церан синкхетамехь. Цундела кхечу хIуманца дустуш дац нохчийн дош. “Дош – дош ду”, – олу. И ду цуьнан дустар а" - иштта яздо Яшуркаев Султана шен "Нохчийн жайна" цIе йолчу эссехь. Читать дальше...

Нохчийчохь вайна Янди-кIотарара жимстаг

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан ТIехьа-Мартанарчу Янди-кIотарара 1987-чу шарера Адаев Адам сациqна хилла "Кавказ" олучу полисхойн КПП-н декъехь карарчу беттан 1-чу дийнахь делкъал тIаьхьа кхо сахьт даьллачу хенахь. "Кавказ.Реалии" порталан ешархоша бина и хаам. Шоьтадийнахь а цуьнан кхолламах хууш цхьа а информаци яц, аьлла цара. Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанерчу федералан боккхачу некъа тIехь "Кавказ" цIе йолу полисхоша воьдург-вогIург сацавой, талламаш бен куп. "Кавказ.Реалиин" цкъачунна аьтто ца хилла... Читать дальше...

"Новая газета": Шемахь вийнарг украинхойн хилла летчик ву

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедарца, оьрсийн Су-24 кема дохийначу базана "нийсатухучу герзаца" тохарш дина. "Джебхат ан-Нусра" террорхойн тобанера 30 вийна. Iарбойн информацин "Ал-Масдар" порталан ссылка а хIоттош "Интерфакс" агенталло хаамбина, "Калибр" ракеташца дина хилар тохарш. "Звезда" телеканало зорбане яьккхина тохарийн яьккхина видео. Оьрсийчоьнан Су-24 кема шоьтан суьйранна чудаийтина Шеман Идлиб провинцехь, кеманчуьра араиккхина пилот вийна хиллачу тасадаларшкахь. Conflict... Читать дальше...

Даудов: Исторех харцдерг дуьйцуьйтур дац

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламент пачхьалкхан Думе инициатива кховдо лаам болуш ю, бехкзуламан жоьпалла юкъадаккхар доьхуш, Даймехкан тIамех хаа а хууш, харцдерг дийцинчунна. "Новости" агенталло бина и хаам парламентан спикеран Даудов Мохьмадан дIахьедарна тIе а тевжаш. "Гергарчу тхайн кхеташонехь цунах дийцаре а дина, Оьрсийчоьнан Думе инициатива кховдо лерина ду тхо, и тайпа низаман проект тIеэцар доьхуш. Исторех шена-шена хетарг дийцийта могуьйтийла яц", - аьлла Даудовс. Цо бахарехь, "орам бола а ца болуьйтуш... Читать дальше...

Кадыровна ца тайна Москальковас дина дIахьедар

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас Титиев Аюбан гIуллакх Нохчийчуьрчу полисхошкара схьа а эций, Къилбаседа Кавказан чоьхьарчу гIуллакхе кхи дIа талла дIало алар кртике даьккхина Кадыров Рамзана. Талламчашна тIеIаткъам бар санна ду иза аьлла хета цунна. "Юьхьанца а элира ас, хIинца а боху, цатешамах долу и къамелаш психологин а, админитсративан а тIеIаткъам бар ду. Талламан жамIаш муха хуьлу хьовса деза, нагахь уьш бакъ ца хетахь, юха арз а дина, бехкечарна таIзар дан догIу, низамаша ма хьоьхху", - яздина Кадыровс Телеграм-каналехь.

Мескер-Юьртарчу цхьана хIусамехь газ иккхина

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Шела кIоштарчу цхьана хIусамехь газ эккхаран бахьанаш толлуш ду. "Къилбаседа Кавказера комсомолан бакъдерг" газетанна орцан министраллан пресс гIуллакхоша бинчу хаамца, оцу бохамехь лазийна кхо адам, дарбан цIийне кхачийна. Шоьтан суьранна Шела-кIоштан Мескер-Юьртахь иккхина газ. Дийцарехь, газ дIаоьхуш хиларан бахьанашца нисделла эккхар. Оцу юкъанна Нохчийчохь кхел еш ю "Чеченгазан" слесарна, цуьнан ледарлонца газ иккхина, Теркйистерчу Ломаз-Юьртахь 3 адам делла аьлла.

Оьрсийчуьра шо кхаьчна йоI карийна Иракъехь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Iедалшна оьрсийн шо кхаьчна йоI карийна Иракъерчу цхьана доьзалехь. И бер БагIдадера Москох кхачор ду карарчу бетттан 7-чохь. Журналисташка и хаамбинарг ву Федерацин Кхеташонан декъашхо, Къилба Африкехь а, Гергарчу Малхбалехь а Кадыров Рамзанан волчу векало Сабсаби Зияда. Карарчу заманчохь карийна йоI сехьаяккха оьшу кехаташ вовшах а детташ, болх бу жигара баьккхина дIахьош. Сабсабин хаамца, дахначу шеран гурахь оцу йоьIан кхо ваша Оьрсийчу схьакхачийра, ткъа церан жимахйолу йиша каро аьтто ца хиллера. Читать дальше...

Шемахь оьрсийн кема дохийна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Су-24 кема дохийна Шемахь, летчик каиапулте вахана, амма террорхошца тасадаларшкахь вийна иза аьлла, хаам бина ТАСС агенталло шоьтан суьйранна, Оьрсийчоьнан тIеман министраллан информацина тIе а вевжина. Масех сахьт хьалха хаам кхаьчна хилла оьрсийн тIеман кема доьжна аьлла. Пилот кхиина хилла чуьра араэккха, амма гIаттамхойн информацин ресурсашкахь яздина ду, иза велла аьлла, дуьйцу Conflict Intelligence Team талламхойн тобано. Шемахойн гIаттамхоша кема дужуш а, доьхначул тIаьхьа цуьнах йисина геригаш а гойтуш... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *