Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 05.02.2018

Киеверчу кхело юхатоьхна политикан тховкIело йоьхучу Саакашвилин латкъам

Radiomarsho.com 

"Керлачу ницкъийн боламан" лидеро Саакашвили Михаила кхеле латкъам бинера шена Украинин Iедалша политикан тховкIело ца ло аьлла. Амма Киеверчу суьдо юхатоьхна цуьнан дехар. Адвокаташа дийцарехь, хIинца Саакашвилина экстрадици ян мегаш ю Гуьржийчу. Конституцин кхеле латкъам бан дагахь бу уьш Киеверчу кхело бинчу сацамна.    Стохка Товбецан-баттахь президенто Порошенко Петрос дIадаьккхина Саакашвилигара Украинин махкалла.

Бюджетера ахча лачкъорна лецна Дагестанан Iедалан декъашхой

Radiomarsho.com 

Бюджетера ахча лечкъор толлуш Дагестанехь лецна Iедалан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш деш волу Гамидов Абдусамад а, цуьнан ши когаметта Исаев Шамил а, Юсуфов раюдин а, дешаран министр хилла Шахов Шахабас а. Талламан комитетан зорбанан сервисо бинчу хаамца, лачкIийна ахча делла хилла Дагестанна социалан программаш кхочуш ян. Талламхошна тоьшаллаш карийна и ахча лачкъийнарш Гамидов а, Исаев а, Юсуфов а, Шахов а хиларан.

Иракъерчу доьзалехь кхобуш йолу нохчийн йоI цIаерзор ю Сабсабис

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Iедалш цIаерзо дагахь ду Иракъерчу цхьана доьзало кхобуш йолу 7 шо долу нохчийн йоI. Иза шайн доьзале эцна хилла иракъхоша цхьа шо а кхачанза иза йолуш. ЙоI Оьрсийчоьнан махкахо ю. Цуьнан да-нана кхелхина тiеман хиламашкахь, хаам бо РИА Новости агенталло, Сабсаби Зиядана тIе а тевжаш. Дийцарехь, хьалхо Оьрсийчу цIаверзийнера кхо кIант, амма церан йиша карош яцара. Таханлерчу денна Иракъера а, Шемара а Оьрсийчу цIадерзийна 100 гергга зуда а, бер а.

Балхара дIабаьхна "Кавказ сегодня" порталан иттаннаш белхахой

Radiomarsho.com 

"Кавказ сегодня" зорабанан гIирсан белхахойн терахь хаъал лахдина Чиллан-бутт болалуш, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Иза проект ю Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу федералан гонан векалаллин. Болчу хаамца, балхара дIаваьккхина 40 стаг. Регионашкахь витина 4 корреспондент. Кавказ.Реалиин хьастано бинчу хаамца, инвесторша сацам бина и проект эвсара яц аьлла. И бахьана долуш ахча далар сацийна цара. "Кавказ сегодня" олу хаамийн а, аналитикан а портал кхоьллинера, иза Къилбаседа Кавказехь... Читать дальше...

Дагестанан куьйгалхой лебеш бу ФСБ-н белхахой

Radiomarsho.com 

Дагестанан Iедалан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш деш волчу Гамидов Абдусамадан хIусамашкахь таллам бина Оьрсийчоьнан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) белхахоша.   РИА-Новости агенталло бинчу хаамца, Iедалхо леван лаьцна дIакхачийна ФСБ-н меттигерчу урхалле. Цига валийна ву бахаман министран когаметта Исаев Шамил а, экономикан министр Юсуфов Раюдин а. Церан хIусамашкахь а бина талламаш ФСБ-н белхахоша. ЖамIаш цкъачунна дуьйцуш дац.

Вочу хьолехь бу Нохчийчохь газ йиккхина багийнарш

Radiomarsho.com 

Бохам хиллера Чиллан-беттан 3-чу дийнахь Мескер-эвлахь. Орцаллан министралло дийцарехь, доларчу хIусамехь биргIа галъялар бахьана долуш гулйелла газ иккхинера, кхо стаг а вагош. Царах цхьаъ бер ду. Багийнарш охьабехкина бу Соьлж-ГIаларчу номер 4 йолчу дарбанан хIусамехь. Республикерчу могушаллан министраллан векало бинчу хаамца, уьш цхьанаэшшара вочу хьолехь буьсуш бу, хаам бо "Кавказский узело".

Бакъдолчунна тӀера филмийн фестивал йолаелла Соьлж-ГIалахь 

Radiomarsho.com 

"Вай доккхачу дуьненахь. Дахаран истореш" (Мы в большом мире. Истории из жизни) цIе йолу бакъдолчунна тӀера филмийн фестивал йолаелла Нохчийчохь. ТАСС агенталло дийцарехь, цу фестивалехь гойтур ю масийтта пачхьалкхера 8 филм.    Гайтам дIахьура бу Соьлж-ГIаларчу Кхузаманан исбаьхьаллан центрехь. Нохчийчуьрчу бахархошна гойтур йолчу филмашна юкъахь ю "Касабланкин похIма" цIе йолу Мароккохь йолчу зударийн юкъараллин институтах а лаьцна филм а, "Альенден берийн бераш" цIе йолу Чили пачхьалкхарчу дешархойх дуьйцуш а филм... Читать дальше...

Титиевн гIуллакх дуьйцур ду Европарламентехь

Radiomarsho.com 

Оршотан дийнахь Францерчу Страсбургехь дlайолалуш йолчу Европарламентан рогIерачу сессехь дийцаре дийр ду "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб лацарца доьзна хьал. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо". Титиевн хаттар дийцаре дан Iалашо ю Европарламентехь еарин дийнахь. Оццу дийнахь тIеоьцур йолуш ю цу хаттарна жамI деш йолу резолюци. Титиев лаьцна Iедалша Нохчийчохь Дечкен-беттан 9-чу дийнахь. Суьдхочо сацам бина иза лаьцна латто Зазадоккху-беттан 9-чу дийне кхаччалц. Европарламентан резолюцеш ца хуьлу низаман ницкъ болуш.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *