Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 19.02.2018

МухIажаршна депортаци ярна дуьхьал акцеш хилла Европерчу гIаланашкахь

Radiomarsho.com 

ЦхьамогIа Европерчу пачхьалкхийн яккхийчу шахьаршкахь Нохчийчу а, ОвхIане а, Африкерчу мехкашка а мухIажаршна депортацеш ярна дуьхьал акци дIаяхьира. БIеннаш адамаш кIирандийнахь цхьана хенахь урамашка девллира тайп-тайпанчу меттигашкахь. Венехь а, Берлинехь а,  Франкфуртехь а, Залцбургехь а протесташкахь дакъалаьцначара кхайкхам бира Малхбузерчу пачхьалкхийн урхаллашка а, Евробертан куьйгалле а, тIемаш а, диктаторийн режимаш а йолчу меттигашкара бевдда баьхкинчу нахана политикан тховкIело Iалашъяре. Читать дальше...

Германехь мухIажаршна урс диттина оьрсийчо

Radiomarsho.com 

Германерчу ХIайлбронн гIалахь кхаа мухIажарна дера чевнаш йина Оьрсийчуьра орамаш долчу цхьана стага. Баден-Вюртенберг лаьттарчу полицино бинчу хаамца, 70 шо долчу воккхачу стаго тIехьашха тIе а вахана урс диттина меттигерчу килсана хьалха лаьттачу кегийчу нахана. Цуьнан кадаьлла кхо стаг лазон. Лазийнарг кхо мухIажар ву, Шемарий, Иракъерий, ОвхIанерий орамаш долуш. Царах цхьаъ, Иракъера ши шо хьалха Германехь тховкIело ехнаверг, кIелвисинчу хьолахь лоьрийн цIийнахь ву. Важа шиъ лоьраша чевнаш дIайихкинчул тIаьхьа лоьрийн цIийнара дIахецна. Читать дальше...

Хьаьж дан 10 000 меттиг елла Дагестанан а, ГIалгIайчоьнан а бахархошна

Radiomarsho.com 

Кхушара Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а бахархошна ХьажцIа баха еллачу меттигийн терахь ду 10 000. Дагестанна елла 8600 меттиг, ткъа ГIалгIайчоьнна – 1400. Къилбаседа Кавказерчу кхечу республикашна маса меттиг елла цкъачунна дуьйцуш дац. Оьрсийчоьнан Iедалехь Хьаьж дарца доьзначу хаттаршкахула жоьпаллехь волчу Умаханов Ильяса куьйгалла а деш, Федерацин Кхеташонехь хиллачу цхьаьнакхетарехь хаам бина СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан Iедалша Оьрсийчоьнна елла квота 20 500 меттиг хиларх лаьцна. 2018-чу... Читать дальше...

Вена: МухIажирш махкахбахийта резабоцчийн гулам

Radiomarsho.com 

Иттаннаш мехкашкара баьхкина бIеннаш эзарнашкахь мухIажирш бу Австрехь. Царех доккхах дакъа ду шаьш схьабевллачу мехкашка цигарчу политикан хьелашца доьзна юхабаха йиш йоцурш. Церан а, цаьргахьа болчу бухарчу бахархойн а митинг хилира кIиранан сарахь Венехь.

Туркойчуьрчу зудчунна ирхъолла кхел йина Иракъехь

Radiomarsho.com 

Иракъерчу кхело ирхъолла сацам бина, "Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхетта хилла аьлла, бехке еш йолчу Туркойчуьрчу зудчунна. Цунах лаьцна оршотан дийнахь дIахьедина БагIданан криминалан кхелан векло. Цу стага дийцарехь, кхин а цхьацца пачхьалкхашкара 10 зуда чуйоьллина суьдо, Iожалла тIекхаччалц яккха хан а тоьхна. Кхело бинчу сацамашна латкъам бан аьтто хир бу.   2017-чу шарахь ГIура-баттахь Иракъан Iедалша дIахьедира, "Исламан пачхьалкхана" тIехь толам баьккхина шаьш аьлла. Делахь а цу тобанан... Читать дальше...

ХIаагерчу Кхелана хьалха вовшахкхета дагахь бу Европера нохчий

Radiomarsho.com 

Чиллан беттан 23-хь ХIаагерчу Дуьненаюкъарчу Криминалан Кхелана хьалха демонстраци дIаяхьа дагахь бу Малхбузерчу Европехь бехаш болу нохчий. И акци вовшахтухуш ву Францерчу нохчийн диаспоран жигархо Ибрагимов Сайд-Эми. Нохчийн къам дохор ша геноцид лерина ма хиллара, нохчаша лайна болу тIаьххьара ши тIом а геноцид хилар кхайкхаде, боху Ибрагимовс Евробарте цу акцехь тIеэца ша кечбинчу кхайкхамехь.

"Исламан пачхьалкхо" шена тIелаьцна ГIизларахь адамаш дайар

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу ГIизларахь православин килсана тIелатар шаьш дина аьлла, дIахьедар дина  "Исламан пачхьалкх" олучу тобано. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло, цу тобанца йоьзначу Amaq агенталлана тIе а тевжаш. Хьалхо РБК агенталло хаам бинера, 5 стаг а вуьйш, килсана тIелатар динарг 22 шо долу Халилов Халил ву аьлла. Иза хилла бохуш дуьйцу тийна-таьIна Iаш йолчу "Исламан пачхьалкхан" жимачу тобанан декъашхо. КIиранан сарахь цу стага герз диттина килсе баьхкинчу нахана. Иза вийна Росгвардин эскархоша.

ГIажарийчохь карийна ATR-72 кема охьадоьжна метттиг

Radiomarsho.com 

ГIажарийчохь орцаллан тобанаш дIакхаьчна ATR-72 некъахойн кема охьадоьжначу меттиге. КIирандийнахь хиллачу цу бохамехь велла кемана тIехь хилла 65 стаг. Кема охьадоьжначехь (500 километр ТехIрнна генахь) лоца доьлхуш догIа хиларна юкъахяьккхинера цигахь адамаш лахаран операци. ГIажарийчуьрчу лаьмнашкахь доьхна кема лела дара 25 шо. Иза лаха араваьллера 100 гергга алпинист. ATR-72 кеманаш а юкъадаьхна а, деш а дара Францехь а, Италехь а. БОхам хилар толлуш дакъалоцур ду Францера а, Британера а говзанчаша.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *