Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2018

Новости за 26.02.2018

Чехин Iедалшка Туркойчоьно схьавоьху Шеман вахархо

Radiomarsho.com 

Чехин Iедалшка официалехь дехар дина Туркойчоьно Шемарчу курдойн юкъараллан лидер Муслим Салихь схьавоьхуш. Туркойн премьер-министран гIовса Бозданг Бекира аьлла оршотдийнахь "Демократин союз" партин хилла лидер Муслим Салихь Праган кхела хьалха хIуттуш ву аьлла. Хонкаран дехарца кху беттан 24-чу дийнахь лаьцна Муслим Прагехь. "Демократин союз" партино бехкейо Туркойчоь, шайн пачхьалкхан воцу вахархо лаца кхайкхорна, цхьа а юридикан бух а боцуш. Шайн "пачхьалкхан цхьаалла йохорна" туркойн кхело Муслим бехкевинчул тIаьхьа... Читать дальше...

Словакехь журналист вийна

Radiomarsho.com 

Талламаш бен 27 шо долу журналист Кучак Ян вийна Словакехь. Полицин хьаькамо Гаспар Тибора бинчу хаамца, кIиран суьйранна герз тоьхна Велка-Мака гIаларчу шен хIусамехь вийна карийна иза а, цуьнан еза йоI а. Хетарехь цо бечу балхаца доьзна ду иза вер аьлла хета Гаспарна. Словакех цкъа а хилла дацара и тайпа инзаре журналистна тIелатар дар аьлла цо. Aktuality.sk. сайтехь болх беш вара Кучак.

Кадыровс Латвин бахархой хьошалгIа кхайкхина Нохчийчу

Radiomarsho.com 

Шена а, цхьа могIа Оьрсийчоьнан бахархошна а шайн пачхьалкхе дахкар доьхкуш, Латвин политикаша яьхначу гIулчах вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. "ХIун дер, нагахь Латвис вайна дуьхьал санкцеш йохуш хилча, вай, гIиллак-гIуллакх долуш нах хиларе терра, уьш хьошалгIа кхойкхур бу вайн республике. Суна хаьа, санкцех сацам тIоьцучу хенахь, латышхошна хетарг чоьте эцна ца хиллийла Iедало. Пилна там бан лиъна царна. Кхи хIун дан догIу моськано (жима жIаьла)",- аьлла, Телеграмерчу шен акаунтIехь яздина Кадыровс. Читать дальше...

Нохчийчоьнан муфтийс дакъалоцу Мисарахь конференцехь

Radiomarsho.com 

Оршотдийнахь бусулба пачхьалкхашкара динан дай гулбелла Мисарарчу Каирехь "Терроризм а, цо дохьу зуламаш а, иза муха эшон еза а" дуьйцучу конференцехь. Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь а ву цу боламехь дакъа лоцуш. Мисаран Сада Балад хаамийн гIирсо яздарехь, кIиран суьйранна Каире кхаьчна  СаIуда Iаьрбийчуьра а, Чадера  а, Конгора а делегацеш. Межиевца цхьана бу цуьнан гIовсаш Даудов Турко а, Хашуев Лоьма а. Синайн ахгIайри тIехь Мисаран Iедалхоша гIаттамхошна дуьхьал къийсам дIахьочу заманчохь вовшахтоьхна ю конференци.

Кадыров: Шемарчу бахархошна хаддаза гIо латтадо Кадыровн фондо

Radiomarsho.com 

Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо саццаза дIакхачадо Шемарчу бахархошна гуманитаран гIо аьлла, яздо мехкан куьйгалхоч Кадыров Рамзана. Цо билгалдаккхарехь, гIо кхочу пачхьалкхан юьстахчу кIошташка а цхьана. Фондан офисаш Демаьшкахь а, Алеппохь а, Латакехь а ю. ТIаьххьарчу цхьана кIиранчохь кхачан сурсаташ а, бедарш а, медикаменташ а дIакхачийна фондан чоьтах 5000 доьзале. Цул совнах, мехкан куьйгалхочо бахарехь, хIора денна 2 эзар кила сов бепиг ду дIасадоькъуш. Медикаменташ яхьийтарал а сов, инвалидашна... Читать дальше...

Некъан бохамехь нах белла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

"Кавказ" федералан некъа тIехь машенаш вовшахкхетта, 4 стаг велла аьлла, хаамбо махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. "Соьлж-ГIалин Заводской олучу кIоштарчу "Кавказ" федералан некъа тIехь Мескер-Юьртарчу вахархочун КамАЗ а, меттигерчу бахархойн "ВАЗ 21099" а, "ВАЗ 2109" а кхо машен тIеттIакхетта", - яздо оцу хаамехь. "ВАЗ 2109" машен лелорийг а, жимачу машенашкахь хилла 3 пассажир а велла. Карарчу хенахь толлуш ду бохаман бахьанаш.

Каримов: Гергарчу 30 шарахь Кадыровн лаам бац Латви ваха

Radiomarsho.com 

Кхечу Оьрсийчоьнан бахархошна санна, Латвин пачхьалкхе ваха дихкинчу Кадыров Рамзанан гергарчу 30 шарахь лаам бац оцу махка ваха аьлла, хаамбина цуьнан пресс-секретара Каримов Iаьлвис. "Суна хетарехь, Латвин векалте виза йоьхуш, дехар ца дина Кадыровс, я тIедогIучу 30 шарахь цига вахар цуьнан планашкахь а дац", - аьлла, Каримовн дешнаш даладо "Керланаш" агенталло. "Латвин къоман лаккхара Iилма а долуш, эзарнашкахь хьекъале нах бу, и ду халахетарг. Латви а, Оьрсийчоь а доттагIаллийн уьйрашкахь хилла а ю, хир а ю. Читать дальше...

Нурадилов Ханпашина хIоллам хIоттор бу Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалин 200 шо кхачар даздаран гурашкахь гIалин мэрино а, синбахамаллин министралло а белхаш болийна турпалхочунна Нурадилов Ханпашина иэсан хIоллам хIотторехь. Соьлж-ГIалин мэра Хучиев Муслима бина и хаам. Кадыров Ахьмадан а, Субботниковн урамаш вовшахкхеттачохь хIоллам хIотто сацам бина Iедалхоша. Хучиевс бахарехь, керла плитка а юьллуш, шиъ фонтан а югIуш, гонахарчу территори тIехь синтарш а дугIуш, кечйийр ю майда. Нурадилов Ханпаша нохчийн къоман дозалла ду. Даймехкан тIамехь цо хIаллаквина 920 фашист, 12 салтий йийсаре эцна. Читать дальше...

Кремлан сайтехь Путинна еш агитаци ю

Radiomarsho.com 

Низамаша доьхкуш доллушехь, Кремлан сайтехь Путин Владимирна агитаци еш, сурт даьккхина зорбане. "МБХ медиас" бина и хаам. ХIинца волчу президентан агIо лоцуш харжамийн билборд чохь йолуш технополисан "Эра" цIе йолу макет гайтина Путин Владимирна. Презентацин суьрташ пачхьалкхан куьйгалхочун официалан сайте даьхна. Боьду бутт карабеачхьана, харжамийн комиссин куьйгалхочо Памфилова Эллас бехк баьккхинера Песков Дмитрийгара, цо Путинна агитаци ярна. "Политикан олимпехь абсолюте лидер ву Путин,... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *